ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яххьаш лечкъо духар лелон доьхкуш ду бусулбанашна Швейцарехь


Яххьаш къайлайоху духар а, коьрта тохкурш а лелаяйта дуьхьал хилар дIахаийтина дукхахболчу Швейцарерчу харжамхоша. SFR телерадиокорпорацино а, Tagesanzeiger ресурсо а динчу лараршца, 51 сов процент пачхьалкхан бахархой дуьхьал бу шайн урамашкахь яххьаш хьулйина нах дIасалелийта. Оьрсийн Радио Свобода сервисо бина цунах лаьцна хааам.

Швейцарин конфедерацин 26 кантонах дукхахболучара кхаьжнаш тесна бехкам барехьа.

Референдуман жамIаш хийцадала тарло боллу кхаьжнаш багарбинчул тIаьхьа аьлла, хьажам бу gfs.bern агенталлан социологийн.

Бурку йоьхкуш низам юкъадаккха инициатива кховдийра Швейцарерчу Халкъан партин национал-демокртин аьтту агIора болчу депутаташа. Халкъ вовшах кхетта, динан деза де долчу хенахь могуьйтур ду яххьаш хьулйина духарш духа.

Нах дIасалелачу меттигашкахь лелочу духарх дIаяьхьначу референдумах йист яьллачул тIаьхьа Швейцарин Конфедерацин конституци тIехь чIагIдийр долуш ду низам.

"Новая газето" тергам тIеузу, Швейцарин низамаша хIинцале а тIедожийна хилар зударшна яххьаш лечкъон.

2018-чу шарахь динчу зерашца, Швейцарин боллу бахархошлахь 450 эзар гергга бусулба ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG