ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчуьрчу стага шен хIусамнана йийна, цул тIаьхьа ша шена тапча тоьхна


Къилбаседа ХIиричуьрчу Алагирехь кIиранан буьйсанна меттигерчу 35-40 шо долчу стага шен хIусамнана йийна. Гергарчу нахе бераш дIа дигина, юха веанчу цо, тапча тоьхна зуда ен а йийна, полицига хаам бина хилла. Цул тIахьа ша шена герз тоьхна, велла.

Хиллачу инцидентах Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина меттигерчу полицин декъехь. Кхин сов даьккхина зуламах хууш хIума дац. Къилбаседа ХIирийчуьра Талламан комитетан белхахоша талла долийна гIуллакх.

Ши кIира хьалха БуьритIерчу кхело набахтехь даккха 16 шо хан туьйхира полисхо хиллачу Техов Вадимна. 2019-чу шарахь шегахь хилла Гагиева Регина урс диттина, йийнера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG