ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина кIелояр юкъахдаьккхина Германехь


Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Абдурахманов Мохьаммадна вен Iалашонца дан лерина хилла тIелатар юкъахдаьккхина. Шен каналехь бина цунах лаьцна хаам блогеро. "Киллер лаьцна, карара герз даьккхина, таллам бу дIахьош", - дIахьедина Тумсос.

Цо бахарехь, иза вен кхайкхийна хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичас Эдельгериев Паруддис. Шен Iалашо кхочушъярехь юкъарло дийцийта Германехь веха Дадакаев Валид карийна цунна, цуьнга дIакхачийна ахча а.
Шен гергарчу стагера Цакаев Романера эцна хилла Макаровн тапча Дадакаевс. Ткъа иза вевзаш ву Тумсона, 2019-чу шарахь блогер сийсазвеш дIаязйина видео яржийнера цо. Къайлаха Германи дехьадьаккхина хилла Дадакаевс ша эцна герз.

Оцу юкъанна Эдельгериевна киллер карийна, Нохчийчохь федералан эскарашна дуьхьал цхьана заманчохь тIемаш бина, амма Кадыровс амнисти елла Аурбиев Тамерлан. Низам дохош, Европе дехьаваьлла хилла Аурбиев. Иза а, Дадакаев а лаьцнера, ткъа уьш арахоьцург масийтта иттаннашкхь еврошкахь гIуданаш такха дезна пачхьалкхна Абдурахманов вен кхайкхийначеран. ТIаьхьо, Дадакаевс а, Аурбиевс а Абдурахманов веха меттиг лехна, кечам бина хилла, иза вен.

"Талламо къастор ду, муха тIекхиъна Дадакаев Абдурахманов вехачу адресна", - билгалдоккху блогеро Абдурахмановс.

ТIаьххьарчу мIаьргонехь Аурбиев зIене ваьлла АбдурахмановгIеран вежаршца, шаьш кIело еш хиларх дIахоуьйтуш. Немцойн полицин карахь ву иза карарчу хенахь.

Абдурахманов Мохьаммада дийцарехь, масех бутт хьалха хиина хиллера цунна шена кIело кечъеш хиларх, шен дахарна кхерам лаьтташ хиларна, ша тийшира боху цо Аурбиевх. Иштта хаам бина Абдурахмановс, ша вуьйриг ах миллион евро ахча лур ду аьлла хиларх а.

"ГIуллакх толлуш ду федералан прокуратурано а, федералан криминалан полицино а. Регионалан урхаллера шайга дIаэцна цара иза талла. ГIуллакх листар оцу структурашкахь хиларо кхин а тIе тешаво, немцойн Iедалохошна интересе хиларх, арахьарчу пачхьалкхо стаг вен кхайкхор",- аьлла, кхетийна Абдурахманов Мохьаммада Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Германин бакъоларъяран хьукматашкара цхьана а кепара комментари яц цкъачунна редакцин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG