ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный Алексейн штаб йоьллур ю Махачкалахь


Махачкала
Махачкала

Оьрсийчоьнан регионашкарчу Навальный Алексейн штабийн куьйгалхочо Волков Леонида дIахьедина, Махачкалахь цуьнан штаб схьаелларна тIехь беш болх бу аьлла. Гергарчу хенахь пачхьалкхан иттех гIаланашкахь Навальныйн штабаш елла дагахь бу. Ю билгалъяьхначу меттигашлахь Астрахань а.

"Махачкалахь штаб елла гIерташ, белхаш бу оха дIахьош: дуьххьара аьтто ца белира тхан, амма штаб елланза Iийр дац тхо. Дагестанан шахьара- уггар а Оьрсийчуьрчу гIаланех йоккханиг ю, цигахь цкъа а тхан штаб хилла а яц. Цигахь протесте бовла дог-ойла йолуш, штаб елларе сатуьйсу нах дуккха а бу", - аьлла Волковс, координаторан цIе а ца йоккхуш, штаб схьайоьллур йолу де билгал ца доккхуш.

Махачкалахь штаб схьаелла аьтто ца баьллачу жигархочо Аблякимов Руслана Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь а тIечIагIдина, кеста штаб йоьллур ю аьлла, амма кхин кIорггера цунах лаьцна ца дийцина цо а.

Маршо Радионо хьалхо яздира, оппозиционан политикан Навальный Алексейн штаб Дагестанехь схьеллар цкъачунна дIатеттина цхьана ханна аьлла. Штабан куьйгалле хIотта везаш хиллачу жигархочо Аблякимов Руслана динера цунах лаьцна дIахьедар. "Кавказский узел" агенталле цо дийцарехь, ша муьлхачу организацин цIарах ву лечкъа а ца деш, штабана лерина хIусам лоьхучу цунна массара а цхьацца бахьанашца дуьхьало йора.

Иштта жигархочо латкъам бира, дийнахь-буса а шена тIаьхьабевлла нах хиларх. Цунна хетарехь, цуьнан агIончашна кхерамаш тийса гIерта уьш.

Чиллан-бетта 20-чохь муьлш бу ца хуучу наха тIелатар динера Аблямиковна, Тарки-Тау ломан майданахь шена евзачу шина йоIаца иза лаьттачу заманчохь. Цо бахарехь, лаьтта иза охьа а виллина, кхунна мийраш а бетташ, Дагестанехь хIу деш ву хьо, Москвара стенна вена бохуш, хеттарш дина хиллера цуьнга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG