ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 19 стаг. Ун къаьстина кхин а 412 стагаца


ТIаьххарчу дийнахь -буса динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 19 дархо, вирус къаьстина кхин а 412 стагаца.
Инфекцица къийсам латточу Оперативан штабо динчу лараршца, Краснодаран кIоштахь велла 14 стаг, Ставрополан махкахь - виъ, Дагестанехь цхьаъ.

Къаьсттина дукха бу вирус кхетта нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь къастарца Краснодаран кIоштахь - 137 стаг.

Краснодаран мохк+ 137 (39 707 ву пандеми яьржичхьана)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 66 (21 599)
Ставрополан кIошт+ 62 (48 232)
Дагестан + 38 (30 147)
ГIалмакхойчоь + 27 (19 299)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 25 (15 941)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 21 (19 327)
Адыгей + 13 (13 892)
ГIалгIайчоь + 12 (14 869)
Нохчийчоь + 11 (11 400)

COVID-19 вирус токхуш ву Къилбаседа Кавказехь, тIаьххьарчу хаамашца, верриг а 234 413 стаг.

Йоллу Оьрсийчохь, официалан дIахьедарца, 4 342 474 вахархо ву.
Аннекси йинчу ГIирмера хьал а лерина Оьрсийчоьнан официалан статистико.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG