ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман президентна а, цуьнан хIусамнанна а коронавиурс кхетта


Шеман президент Асад Башар,2015ш

Асад Башарна а, цуьнан хIусамнанна а коронавирусан ун далар тIечIагIдина тесташа. Оршотан дийнахь Шеман президентан канцелярехь динчу дIахьедарца,COVID-19 вирусан билгалонаш гучуевллачул тIаьхьа шинне а тесташ йинера.

55 шо долу Асад Башар а, цуьнан 45 шо долу хIусамнана а балха юхадогIур ду, шина-кхаа кIиранах цIахь дарба лелийначул тIаьхьа аьлла ду, президентан канцелярин белхахоша бинчу хаамехь.

Димаьшкъас контрол латточу дозанашкара кхаьчначу официалан статистикаца, 16 эзар стаг ву цигахь ун даьлла. Вирусах кхелхина 1 063 дархо. Делахь а, эпидемех хаамаш кхин а алсам хила тарло, цигарчу массо а бахархошна тесташ ян аьтто ца баларна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG