ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тепсуркаевн гIуллакх талларх жоьпалла шена тIера дIадаьккхи Нохчийчоьно


Тепсуркаев Салман

Краснодаран кIоштарчу шайн белхан накъосташка дIакхачийна нохчийн талламчаша оппозицин IАДАТ телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорах гулйина материалаш. "Iазапашна дуьхьало латторан Комитето" хаам барехь, Тепсуркаев Нохчийчуьрчу бакъоларъяран структураша лачкъийна хиларх информаци талламаш бечу юкъанна харц йина хиларна, ишта сацам бина цара.

Нохчийн талламчаша тергамза дитина, Геленджикехь Тепсуркаев лачкъийначул тIаьхьа цуьнан гергарчарна иза латтон меттиг къаьстина хиларх. Салманан телефонца хиинера царна, иза Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан дозана тIехь латтош хилар.

Краснодаран кIоштарчу Талламан комитете Тепсуркаевн хьокъехь материалаш дIаелла Чиллан-беттан 25-чохь. Ткъа бакъоларъярхошна тахана, шинарин дийнахь, бен хиъна дац цунах.

Нохчийн IАДАТ телеграм-каналан модератор вара Тепсуркаев Салман. Каналан чатехь дуьйцура Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх масалашца.

Стохка Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра жигархо. Бакъоларъярхойн информацица, Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой бу цунна бехке. ХIетте а Соьлжа-ГIалахь дуьхьал хилира гIуллакх талла, дуккха а тоьшаллаш доллушехь.

Европерчу адамийн бакъонийн кхеле дIахьедира "Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" юристаша, Тепсуркаев Салман шишана тIе хууш яьккхина видео яьржинчул тIаьхьа.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG