ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу 27 эзар гергга бахархошна коронавирусан уьнна дуьхьал мехий диттина


27 эзар гергга Нохчийчуьрчу бахархошна мехий диттина COVID-19 вирусна дуьхьал аьлла, дIахьедина мехкан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана.

"Эксперташа бахарехь, бIаьстенца юха а коронавирус яржа тарло, цундела тахана долу эпидемиологин хьал иштачу тIегIанехь латторхьама прививкаш яр совдаккха деза вай. Ковидна дуьхьал йина вакцина бахьана долуш кхолгIачу вирусан тулгIе ца хьакхалуш довла тарло вай. Таханалерачу дийнахь вакцинаци йина республикерчу 27 эзар гергга вахархочунна", - аьалла, дийцина министро.

Оперативан штабан зерашца, Нохчийчоь тIаьххьарчу 24 сахьтехь билгалдаларца, 11 стагна ун даьлла. Верриг а 11 400 ву COVID-19 цамгарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG