ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь зударшна тIехь гIело латторах кино яьккхина "Редакция" ютуб-канало


Гоьваьллачу журналистан Пивоваров Алексейн "Редакция" ютьюб-канало шен агIонехь йовзийтина Къилбаседа Кавказехь бакъонаш хьешарх лаьцна лерина репортаж. Доккхачу декъанна фильмехь терго йина зударшна тIехь ницкъбарна. ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а зударша дуьйцу шайна тIехь харцо лелорах: хьалхе маре дахийтарх, доьзалехь ницкъбарх, бераш лечкъорах, меттигерчу кхелашкахь нийсо ца карорах, кхел йоцуш нах хIаллакбарх, чIирах.

Дукхахболчу кинохь дакъалоцучара шайн цIераш а, яххьаш а ца лечкъайо, амма бу царлахь шаьш ца гойтуш, цIераш хийцина журналисташца къамелаш динарш а.

"Оьрсийчоьнан уггар а къевлинчу регионехь мила ву ламасташца къиийсалург?" цIе йолчу Мухутдинова Каринас яьккхинчу фильме карарчу заманчохь хьаьжна 150 эзар стаг.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG