ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь Твиттер-машин болх лагIбар тIедожийна Роскомнадзоро


Роскомнадзоро кхаарин дийнахь дIахьедина, Оьрсийчохь Твиттеран чехкалла лагIъен болх юьхьаръэцна ша, аьлла – мобилан телефонашна 100%, стационаран компьютершна – 50%.

Цуьнан бахьана ду, боху, "бахархой Iалашбар а, интернет-сервисе Оьрсийчоьнан территори тIехь низамаш лардайтар а".

Роскомнадзоран хаамо бахарехь, 2017 шарера схьа тахханал Твиттеро дIакъовлуш яц "кхиазхой шаьш-шайн байъаре кхойкху а, берийн порнографи гойту а, наркотикаш лелорах йолу а контент".

"Низамца а догIуш, … Twitter интернет-сервисо яржош йолу информаци кхераме ларалучун могIара язйина", боху дIахьедарехь.

Цкъачунна Twitter корпорацино баланза бу мах оцу дехкарна.

  • ТIаьххьарчу кIиранашкахь Кремлна гергаболчу политикаша а, юкъархоша а кхайкхамаш бора арахьарчу социалан машанашна Оьрсийчохь гураш хIитторехьа, дIакъовлучу кхаччалц. Уьш бехкебо, цхьана декъанна, нах протестан акцешка кхойкхуш яржош йолу контент дIа ца къийларна а, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашна тIехь "цензура" латторна а.
XS
SM
MD
LG