ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн девнера" цхьаъ - Саутиева Зарифа - цIахь латтор йолуш  араяьккхина изоляторера


Кисловодскан кхело ша Ессентуки гIалахь дов хоттучу нахах цхьаъ – Саутиева Зарифа - лаьцначуьра дIахецна, цIахь латточу хьесапе яьккхина.

"Шаьш динчу дехаран ларамбаро цецбаьхна адвокаташ а, ша Зарифа а. Иза дикачу хьолехь ю, хиллачух ша а ца теша", - элира Кавказ.Реалиига адвоката Дзугаев Билана.

Кхечу адвоката, Куриев Жабраила, дийцира Кавказ.Реалиига, Саутиева Зарифа лаьцна латторан кеп хийцар доьхуш, шаьша иза дуьйзира иза изоляторе хьажош лелла хьелаш хийцадаларца, аьлла.

"Дов доьдуш вуно боккха болх бина, дукха нах лебина, ерраш а санна теллина материалаш. 120 тептарх листина 110. Лаьцна ву [ГIалгIайчохь чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина] Погоров Ахьмад – дукха хьолехь иза хьехаво бехктIехьочу агIоно. И дерриг а тидаме эцар дехнера оха кхеле", – элира адвоката.

Цунна гергарчара Ессентукехь чохь яха хIусам нисйина, цигахь Iийр ю, кхело чуьра араяла ца магош бинчу сацамца а догIуш, билгалдаьккхира Куриевс.

"Оха кхеле документаш чуделира Ессентукехь петар лаьцна хиларх. Петаран долахо а еара сихха кхеле, цо ша кийча ю, элира, хIусам яла, шена хаьа Саутиева цIера араяла йиш йоцуш хир юйла. Оцу дерригено а жамI делла. Кхелахо къадвелла ала а дац. Тхан кхетамехь, нийса бина, низамца богIу сацам бу иза. Девне балийна болу кхиберш чохь кхабаран кеп ца хийцина. Тхо теша, кхдIа йолчу хенахь тхан гIоьнца уьш а мукъабевр бу", – аьлла хета адвокатна Куриевна.

  • Саутиева Зарифа Нохчийчоьнца къастийна доза ниса дац, аьлла, Магасехь лурчах протесте бевллачу нахах ю. Иза лецира 2019 шеран Товбецан-беттан 12-чохь.
  • Эстремистийн гонехь хиларна а, Iедалхошна дуьхьалоярна а бехке ийзайо иза. 48 стаг вара лаьцна, царех 30-нна дина таIзар.
  • Саутиева "Зарифа а, кхеле ийзийна кхиберш а "Мемориал" центро политикан тутмакхаш лору. (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина "арахьарчу агентийн" статусе,"Мемориал" реза ца хилла цуьнца).

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG