ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу вахархочунна бехк тIебаьхьна чIир эцарна


Несарахь лаьцна 58 шо долу вахархо, иза бехкево яхначу гурахь цо 37 шо долу Соьлжара стаг верна.

Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллин сайта тIерачу хаамо бахарехь, стаг вер бахьана хилла чIир. Лаьцнарг бехкево адам дерна а, низамехь а доцуш герз лелорна а.

"Кавказский узел" газетан информацица 2020-чу шеран Лахьан-баттахь вийнарг хилла полицехь болх бина Соьлжара вахархо. Дов иккхина хилла Джейрахера бIаьвнаш хьенан ю къуьйсуш, лаьттина дехха шина тайпанна юкъахь.

Цхьана декъехь аьлча, 2019-чу шарахь бIаьвнаш къуьйсуш герзаш диттира вовшашна алссам наха, вийра цхьаъ, лазийра ялх стаг, вийначух дисина 3 бер-кхиазхо.

XS
SM
MD
LG