ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массо а "банд-баьччанаш" хIаллакбина Къилбаседа Кавказехь, аьлла ФСБ-н директора


Къилбаседа Кавказехь "таханенна дIабаьхна терроризман жигараллин коьрта бенаш а, массо а банд-баьччанаш а", дIахьедина Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин урхаллин (ФСБ) директора Бортников Александра Халкъан антитерроран комитет кхоьллина 15 шо кхачарца доьзна "Российской газетана" ша еллачу интервьюхь.

"5-I0 шо хьалха бандитийн къайлаха лела болам латтарца Къилбаседа Кавказо шех къехкабора хьеший, хIинца иза ю Оьрсийчохь туристашна алссам езаеллачу агIонех", – аьлла Бортниковс.

Цо бахарехь, тIемалой хIаллакбар регионехь дирзина кхушеран Дечкен-баттахь тIаьххьарниг хилла йолу Бютукаев Асланан тобан декъашхой дIабахарца – иза вара, боху Бортниковс, 2013 шарахь терроран " Кавказ Имарат " цхьаьнакхетараллин баьчча Умаров Докка вийча хIоьттина буьйранча.

"Федералан а, республикан ницкъаллин дакъоша а бертахь болх барца хIаллакбина Домодедово аэропортехь динчу эккхийтаран а, Соьлжа-ГIалахь Зорбанан цIенна тIелатаран а, кхечу цхьамогIа тероран тохарийн а, Оьрсийчоьнан бахархошна дуьхьал динчу кхечу зуламийн а декъахь хилла террорхой", – дIахьедина ФСБ-н директора.

Наха шайгахь низам а дохош леладе герзаш дIадохуш а, Къилбаседа Кавказехь терроризманна ахча латторца къуьйсуш а дIахьочу компанех дерг а дийцина Бортниковс.

"Деккъа цхьана 2020-чу шарахь низам а дохош лелош хилла 600 герз, 134 оьккху коьчал, 100 эзарнал сов патармаш, 3 эзар минанаш, гранаташ, кхиболу тIеман гIирс дIалахьийна. Росфинмониторинго некъ бихкина терроризман декъахь хила тарлучу 1,2 эзар стеган финансийн активашна, 57 миллион сов соьманна. Зуламаш дан йиллина 184 финансийн хьоста къевлина", – аьлла ФСБ-н куьйгалхочо, амма ца къастийна, оццул герз нахехь карорах йолу информаци муха йогIийла ду регионехь терроризм юьззина эшийна бахарца.

  • Хьалхо, карара Зазадоккху-бутт болабелча, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векала Чайка Юрийс а бовзийтира ницкъхоша бина болх. Цо дийцарехь, 2020 шарахь ницкъхоша 1,5 эзар лерина операци дIаяьхьина, вийна 45 тIемало. Лаьцна кхин а 113 низамехь йоцчу тIеман гIеранийн декъашхой – уьш бара терроран тохарш дац, ницкъхошна, маьршачу бахархошна зенаш дан арабевлла, элира Чайкас.
  • Оьрсийчоьнан куьйгалло кест-кеста дIахьедо терроризм эшийна, олий, амма регионехь нислуш лаьтта полицица тIеман тийсадаларш, терроран тобанашкара бу боху нах лецар. Иштта лецначу наха дукха хьолехь аьрзнаш до, шаьш харцонца хьийзадо, шайгара етташ тоьшаллаш даьхна, олий. Оцу хьоло а кхачабо нах радикализме, аьлла хета бакъонашларъярхошна.
  • Кавказ.Реалии сайто дуккхаза а яздина Къилбаседа Кавказехь терроризманна дуьхьал бен профилактикан болх эвсаре бацарх, къайлаха Iедалх летачарна дуьхьалбоккхуш беккъа цхьа ницкъ бен бацар мел кхераме ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG