ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина нохчочунна тIелетта 18 стаг лохуш ю Германера полици


Берлинан полицино лоьху 31 а, 43 а шераш долчу шина нохчочунна 2020-чу шеран Лахьан-беттан 8-чохь тIелетта I8 стаг.

Кху беттан 10-чохь Берлинан полицерчу талламчаша зорбанехула даржийна тIелеттачу 34 стеган суьрташ.

Шина нохчочунна еттар доьзна хила тарло нохчашний, Iаьрбашний юкъахь иккхинчу девнаца, яздо Берлинерчу Мorgenpost газето.

ТIелетта шина нохчочунна буса. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, уьш ларамза нисбелла зуламхойн новкъахь. Лазийначу шиннах цхьанна урс тоьхна ханах.

Германерчу прессо хилларг дузу меттигаш къуьйсуш вовшашца къийсалучу гIеранашца. Журналисташкахь йолчу информацица, шина нохчочунна тIелеттарг ю меттигера Реммо гIера.

XS
SM
MD
LG