ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалахь полицина тIе герз тоьхна. Антитерроран операци ю дIахьош


ХIинжа-ГIалахь герзаш диттина вовшашна тIе полицино а, бевзаш боцчу наха а. ТАСС агенталлин информацица, иза нисделла полисхой террорхойх лаьцна бина хаам талла бахначохь.

Лазийна, вийна стаг ву аьлла бина хаам бац. Хууш дац маса стаг ву тIелеттарг. Дагестанан коьртачу шахьарарчу Советски кIоштахь контртерроран операци кхайкхийна.

"Зазадоккху-беттан 11-чохь, 10:15 хан йолуш, ФСБ-н Дагестанерчу урхаллин буьйранчас контр-терроран операци кхайкхийна ХIинжа-ГIалин Советски кIоштан административан дозанашна чохь", – боху ТАСС-ан хьостано.

  • Кхул хьалха ХIинжа-ГIалахь полицина тIелатар дира Чиллан-беттан 27-чу дийнахь. ХIетахь лазийра полицин ши белхахо а, тIелеттачех шиъ а, тIаьххьарчех цхьаъ дIавелира дарбан хIусамехь.
XS
SM
MD
LG