ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь хенаш тоьхна нохчийн зударшка "гIиллакх лардайта" гIиртинчарна


Пхи нохчочунна таIзарш къастийна Австрехь кхело, уьш Венехь шайн къоман зударий, нохчийн гIиллакх, бусалба ламасташ ларде бохуш, хьийзорна.

Талламо бахарехь оцу пхеа стага зуламе тоба кхоьллина, шайна тIеэцна "оьздангаллин полицин" декхарш, яздо Die Presse газето. ТIера духар гIиллакхца догIуш дац аьлла хетачу нохчийн зударийн суьрташ социалан машанашкарчу къевлинчу агIонашка хIиттош хилла цара, йиттина меттигаш а бу, боху газето.

Набахтин хенаш кхайкхийначех воккхахволучуьн 38 шо ду. И цхьаъ ву дуьззина бехкевинарг. иза 15 баттанна набахте хьажийна, оцу хенах 10 бутт цIахь а боккхур болуш.

Кхечу веанна (церан 19-20 шераш ду) оццу хьесапера хенаш кхайкхийна кхело. Царех шиъ кхечу зуламашца доьзна набахтехь хан токхуш бу, билгалдоккху прессо.

  • Хьалхо хаам баьржира, 19-37 шераш долу нохчий лецна Автрин полицино къоначу зударшна тIеIаткъамаш барна аьлла.
  • Австрехь, кеп-кепарчу хаамашца, веха 30 эзар гергга Нохчийчуьра схьаваьлла стаг. Иза ю Европерчу мехкашкахь йолчу нохчийн диаспорашлахь яккхийчех.
XS
SM
MD
LG