ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ хьалхара ю 2020 шеран баларшца. Нохчийчохь ду хьал массанхьачул а эшна


Къилбаседа Кавказан федералан гонехь 2020 шарахь беллар нах бу лурчахчул 22,4% сов. Оцу терахьца регионо 1-ра меттиг баьккхина Оьрсийчохь. ШолгIачу а, кхоалгIачу а меттигашкахь бу Проволжски а, Центральни а федералан гонаш – 22,1% а, 18,6% а. Иштта ю "Петербургская политика" фондо хIоттийна рейтинг.

Талламо бахарехь, уггаре лакхара ду баларш Нохчийчохь. 2019 шарца дуьстича, стохка цигахь шоззанне ца кхоччуш лакхадевлла баларш – 44,5%. Нохчийчоьнал тIаьхьа ю баларийн терахьца Дагестан – 34%, цул тIаьхьа йог1у ГIалгIайчоь – 29,1%. ГIебарта-Балкхаройчоь 18-чу меттехь ю баларш дустуш хIоттийначу Оьрсийчоьнан рейтингехь – 20,8%.

  • Официало яржочу статистиках тешца, Нохчийчохь Оьрсийчоьнан дукхахйолчу регионашкахьчул лахара ду коронавирусо ден дараш. Амма Росстато гойтучу терахьашка хьаьжча, 2020-чу шарахь нах уггаре дукха беллачех ю иза.
  • Чиллан-бутт бовш Нохчийчоьнан Iедало долахь йолу 129 клиника д1акъевлина, цара беттанашкахь коронавирус яцар гойту тестан кехаташ нахана даларца доьзна.
  • Ерриг а Къилбасе6да Кавказехь коронавирусах велла пандемин муьрехь 8117 стаг. Уьш ду дуккхаза а лахдина хила тарлуш долуг официалан терахьаш – оцу жам1е кхачаво баларш ерриг а Оьрсийчохь стохка лурчахчул дуккха а совделла хиларо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG