ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхойн хьалханча хиллачу Духаевн ши йоI лачкъийна хилла нохчийн полисхоша


Нохчийн оппозицин телеграм-каналаша еарин дийнахь даржийра, тIемалойн хьалханча лаьттинчу Духаев Исрудин ши йоI-кхиазхо лачкъийна аьлла. 17 шо долу Раяна а, 15 шо долу Иман а масех дийнахь латтийна хилла Хьалха-Мартанан полицин декъехь. Цаьрца цхьана йигина хилла кхин а церан гергара зуда а.

Телеграм-каналаша чIагIдарца, 2010 -чу шарахь лаьмнашкахь вийначу Духаевца долчу гергарлонна тIехула бигина бара уьш.

Кавказ.Реалиин информацица, тIаьхьо Духаевн ши йоI а, церан гергара зуда а маьршабаьхна хиллера. Доьзалан гергарчух цхьаммо бинера иштта хаам редакцига.

Ткъа Нохчийчуьрчу полицино бакъ ца до, Духаевн гергарнаш лецар.
Бакъоларъярхоша яздо, Нохчийчоьнан Iедалхоша меттигерчу бахархошна кхерам латтторхьама, цхьангара ледарло ялахь, боллу доьзал кхеле озабарх.
Нагахь санна, гIаттамхой байъинехь а, церан цIийнах болчара жоп дала дезаш хуьлу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG