ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIаларчу леринчу операцехь вийнарг Макашариповн тобанахь дакъалацарна хан текхна ву набахтехь


Еарин дийнахь ХIинжа-ГIалахь леринчу операцехь вийна Дагестанан вахархо, хьалхо кхел йина хилла ву зуламхойн тобанахь латтарна а, бакъоларъяран структурашкарчу белхахошна тIелетарш дарна а. "Интерфакс" агенталло бина цунах лаьцна хаам.

Дийцарехь, 2005-чу шарахь тIемало ву бохучунна колонехь даккха 17 шо хан кхайкхийна хиллера, кхо полисхо вийна аьлла. 2005-чу шарахь вийначу, Дагестанехь лелаш хилла "Дженнет" тоба вовшахтоьхна, цуьнан куьйгалла дечу Макашарипов Расулца цхьана хилла ву иза. Иштта, экстремистийн "ШариIатан джамаIат" тобанан хьалхара эмир а лаьттина.

Махачкалахь леринчу операцехь вийнарг кху шеран юьххьехь маьршаваьккхинера набахтера, цуьнан могушаллица доьзна, яздо "Интерфаксо".

"Лоьраша цIе ца йоккху цамгар ю аьллера цуьнца. Ша дукха вехар воцийла хаьара цунна. Цундела нах гуллучохь ша шен эккхийта кечлуш хиллера иза.
Цкъачунна къайлахчу сервисаша цуьнан цIе йоккхуш яц цхьацца бахьанашца",- аьлла, дIахьедина агенталлан хьостано.

ХIинжа-ГIалахь герзаш диттира вовшашна тIе полицино а, бевзаш боцчу наха а еарин дийнахь. ТАСС агенталлин информацица, иза нисделла полисхой террорхойх лаьцна бина хаам талла бахначохь.

Лазийна, вийна стаг ву аьлла бина хаам бац. Хууш дац маса стаг ву тIелеттарг. Дагестанан коьртачу шахьарарчу Советски кIоштахь контртерроран операци кхайкхийра.

"Зазадоккху-беттан 11-чохь, 10:15 хан йолуш, ФСБ-н Дагестанерчу урхаллин буьйранчас контр-терроран операци кхайкхийра ХIинжа-ГIалин Советски кIоштан административан дозанашна чохь", – бохура ТАСС-ан хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG