ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла тIаьххьарчу дийнахь-буса 23 дархо


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 23 дархо, вирус къаьстина кхин а 493 стагаца.

Официалан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла 13 пациент, Ставрополан махкхахь - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь, ГIалмакхойчохь а цхьацца велла COVID-19 вирусах.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана велла коронавирусах 8 140 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца къаьсттина дукха бу цомгаш нах Краснодаран кIоштахь - 130 стаг.

Краснодаран кIошт+ 130 (ун даьржчихьана 40 096)
Ставрополан мохк + 113 (48 471)
ГIалмакхойчоь + 79 (19 436)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 59 (21 787)
Дагестан + 40 (30 264)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 20 (16 006)
ГIалгIайчоь + 14 (14 900)
Адыгей + 14 (13 923)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 13 (19 370)
Нохчийчоь+ 11 (11 438)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун токхуш ву верриг а 235 705 вахархо. Йоллу Оьрсийчохь, Iедалхойн зерашца, 4 370 617 стаг ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG