ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спорт йита "сихвеллера" ша аьлла Чимаев Хьамзата шен фанаташка


Чимаев Хьамзат а. Кадыров Рамзан а

Инстаграмехь шен агIоне язбеллачу фанаташка вистхилла UFC-н латархо Чимаев Хьамзат. Цо бахарехь, спорт юьтуш хиларх дIахьедар дан "сихвеллера" иза, карарчу заманчохь Нохчийчохь могушалла меттахIоттош ву иза.

"Со меттавогIуш ву, са ма гатде. Дерриг а дика ду, вежарий", - аьлла, дIахьедина цо. Нохчийчоьнан байракхан сий дойъур дац ша аьлла, чIагIо йина спортхочо.

Карладоккху, Швецехь вехачу UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата кху беттан 2-чохь дIахьедира Инстаграмехула, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. Прессехь бинчу хаамаша бахарехь, цо хала лайна коронавирусан цамгар, оцу бахьаница шозза дезна хенаца къастийна хилла летарш юкъахдаха.

Цул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, шен Чимаевца къамел а хилла, иза спортехь вуьсувш ву аьлла.

Дахначу кхаарин дийнахь Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь Швецера махка валийначу UFC –н латархочунна Чимаев Хьамзатана ша дуьхьал вахнера Кадыров Рамзан.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG