ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лаьцначу ГIалгIайчуьрчу вахархочуьнгара героин а, харц ахча а даьккхина


Устрада-ГIаларчу полисхоша дIахьочу "Терго" операцехь лаьцна наркотикаш лелош ву аьлла, шеконаш кхоллаелла ГIалгIайчуьра 62 шо долу вахархо. "Чечня Сегодня" агенталло бина и хаам.

Тешаш цхьана а болуш, бинчу талламехь цуьнгара яьккхина 18 кила героин а, 100 долларшкахь бIе купюра харц ахча а.

Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векалша тIечIагIдарца, лаьцначо даредина, наркотикаш юхкуш, яржош вац ша, шена пайдаоьцуш лелош яра, ткъа ахча билггал харц ду аьлла.

ГIалгIайчуьрчу вахархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдина, кхин дIа а талламаш дIахьош бу цунна гонах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG