ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2020-чу шарахь доллу дуьненахь вийна 65 журналист


Байъинчу Оьрсийчоьнан журналистийн суьрташ
Байъинчу Оьрсийчоьнан журналистийн суьрташ

Стохка доллу дуьненахь шайн белхан декхарш кхочушдечу заманчохь вийна 65 журналист аьлла, билгалдаьккхина шаьш арахецначу рапортехь Дуьненаюкъарчу журналистийн федерацино. ВуьрхIиттозза сов ду и терахь цул хьалха хиллачу шерашца дуьстича, гергга ду 90-чу шерашкахь динчу зерашна.

Юьйцурш ю 16 кеп-кепарчу пачхьалкхашкахь хилла инциденташ. Тайп-тайпанчу ресурсийн белхахой бойъура леррина динчу тIелетаршкахь а, бомбанаш лоьлхуьуйтуш а, герзаш детташ а. 1990-чу шарера таханалерачу дийне кхаччалц вовшахтоьхначу статистикаца, 2680 журналист вийна.

Зорбанан белхахой дукха бойъуш хиларца тIаьххьарчу пхеа шерачохь юха а Мексика билгалъяьккхина: 14 тIелатар дина цигахь журналисташ бойъуш. Цунна тIаьхьа ю ОвхIанистан, Пакистан, ХIиндойчоь, Филиппинаш, Шема, Нигери, Йемен. Журналисташ байъйинчу пачхьалкхашклахь Оьрсийчоь а ю.

Кху шеран Зазадокху-баттахь довзийтинчу суьртаца, доллу дуьненчуьра 229 журналист набахтехь вуьсуш ву. Уьш берриш а чохь бахкош бу политикан буха тIехь, яздо рапортехь.

"Уггар а йоккха набахтхо" лерина Туркойчоь: оцу пачхьалкхехь хаамийн гIирсийн 67 белхахо тутмакх ву. Цунна тIаьхьа йогIу Китай а, Мисара а, Эритрей а, СаIуда Iаьрбойчоь а.

1992-чу шарера тахналерачу дийне 80 журналист вийна Оьрсийчохь. ТIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчуьрчу зорбанан белхахоша таIзар лов полисхошкахьара, административан гIуллакхаш доху царна дуьхьал Iедалера пурба доцуш хIитточу митингех лаьцна даржорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG