Токиохь дIахьондолчу Олимпикан Ловзаршкахь къоман гимнан метта гоьялла оьрсийн "Катюша" эшарх пайдаэцийтар дехначу Оьрсийчоьнна дуьхьало йина Лозаннерчу спортан арбитражан кхело (CAS).
"CAS-н комиссина хетарехь, "муьлхха а Оьрсийчоьнца йоьзна гимн" бохург хьакхалуш ду хIора а Оьрсийчоь хьахочу, я цуьнца йоьзначу эшарца, хуьлийла иза "Катюша" а",- аьлла ду кхелан хаамехь, яздо Associated Press гIирсо.
РБК агенталло билгалдаккхарца, Оьрсийчоьнан Олимпиадан комитете жоп дехна цара.
Допинган скандална тIехула стохка Дечкен-баттахь CAS-о таIзар дира Оьрсийчоьнна, шина шарахь Олимпиадехь пачхьалкхан байракх айба а, гимн лакхийта а дехкарца. Цул совнах шина шарахь бакъо хир яц Оьрсийчоьнан шайн дозана тIехь дуьненан Кубкаш дIаяхьа а, Олимпиадаш хIиттон а. Иштта санкцеш туьйхира цхьа могIа хьаькамашна а.