ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла тIаьххьарчу 24 сахьтехь 25 дархо. Вирус къаьстина кхин а 454 стагаца


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 25 дархо велла коронавирусан уьнах, вирус къаьстина кхин а 454 стагаца.

Лазарца къийсам латточу оперативан штабо дIахьедарехь, Краснодаран кIоштахь кхелхина 13 пациент, Ставрополан кIоштахь велла - ялх, Дагестанехь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца велла уьнах.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана велла COVID-19 вирусах 8 165 дархо.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Краснодаран кIоштахь - 127 стаг.

Краснодаран кIошт̆ + 127 (40 223) ун даьржичхьана)
Ставрополан мохк + 126 (48 597)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 59 (21 846)
Дагестан + 39 (30 303)
ГIалмакхойчоь + 35 (19 471)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 21 (16 027)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 15 (19 385)
ГIалгIайчоь + 12 (14 926)
Адыгей + 10 (13 933)
Нохчийчоь + 10 (11 448)

Къилбаседа Кавказехь таханалерачу дийнахь COVID-19 вирусца ву 236 159 стаг. Йоллу Оьрсийчохь, оперативан штабан зерашца, 4 380 525 вахархо ву коронавирус токхуш.

*Оьрсийчоьнан официалан статистике эцна иштта аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG