ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: Абдурахманов вен гIоьрти, Берлинехь нохчашна тIелеттарш лийхи, холмачалла лелораш лийци


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Оршот, Зазадоккху-беттан 8-гIа де

Масхадов Асдан вийна 16 шо

Масхадов Аслан
Масхадов Аслан

Заздоккху-беттан 8-чохь 16 шо кхечи 1994-1996-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттина Масхадов Аслан вийна. 2005-чу шеран Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь «Интерфакс» агенталле бира и хаам Регионерчу штабан (РОШ) Къилбаседа Кавказехь терроран операцин урхалла дечу векало Шабалкин Ильяс. "Ас тоьшалла до, Масхадов Девкар-Эвлахь хиллачу тIематасадаларшкахь вийна хиларх. Иза лечкъана хилла оцу юьртарчу цхьанан цIийнан бухарчу бункерчохь», - аьлла бара Шабалкинан хаам. Масхадов Аслан вина 1951-чу шарахь Казахстанерчу Карагандинскан кIоштахь. Масхадов Асланан дакъа хIинца а цуьнан гергарчу нахе дIаделла дац. И дIавоьллина меттиг йийца реза ца хуьлу Оьрсийчоьнан Iедалш, иза террорхо хилла бохуш.

Шинара, Зазадоккху-беттан 9-гIа де

Блогеран Абдурахманов Тумсон ваша вен гIоьртина

Абдурахманов Мухьаммад
Абдурахманов Мухьаммад

Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Абдурахманов Мохьаммадна вен Iалашонца дан лерина хилла тIелатар юкъахдаьккхина. Шен каналехь бинера цунах лаьцна хаам блогеро. "Киллер лаьцна, карара герз даьккхина, таллам бу дIахьош", - дIахьедира Тумсос. Цо бахарехь, иза вен кхайкхийна хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичас Эдельгериев Паруддис. Шен Iалашо кхочушъярехь юкъарло дийцийта Германехь веха Дадакаев Валид карийна цунна, цуьнга дIакхачийна ахча а. Шен гергарчу стагера Цакаев Романера эцна хилла Макаровн тапча Дадакаевс. Ткъа иза вевзаш ву Тумсона, 20I9-чу шарахь блогер сийсазвеш дIаязйина видео яржийнера цо. Къайлаха Германи дехьадьаккхина хилла Дадакаевс ша эцна герз. Оцу юкъанна Эдельгериевна киллер карийна, Нохчийчохь федералан эскарашна дуьхьал цхьана заманчохь тIемаш бина, амма Кадыровс амнисти елла Аурбиев Тамерлан. Низам дохош, Европе дехьаваьлла хилла Аурбиев. Иза а, Дадакаев а лаьцнера, ткъа уьш арахоьцург масийтта иттаннашкхь еврошкахь гIуданаш такха дезна пачхьалкхна Абдурахманов вен кхайкхийначеран. ТIаьхьо, Дадакаевс а, Аурбиевс а Абдурахманов веха меттиг лехна, кечам бина хилла, иза вен. "Талламо къастор ду, муха тIекхиъна Дадакаев Абдурахманов вехачу адресна", - билгалдоккху блогеро Абдурахмановс. ТIаьххьарчу мIаьргонехь Аурбиев зIене ваьлла АбдурахмановгIеран вежаршца, шаьш кIело еш хиларх дIахоуьйтуш. Немцойн полицин карахь ву иза карарчу хенахь. Абдурахманов Мохьаммада дийцарехь, масех бутт хьалха хиина хиллера цунна шена кIело кечъеш хиларх, шен дахарна кхерам лаьтташ хиларна, ша тийшира боху цо Аурбиевх. Иштта хаам бина Абдурахмановс, ша вуьйриг ах миллион евро ахча лур ду аьлла хиларх а. "ГIуллакх толлуш ду федералан прокуратурано а, федералан криминалан полицино а. Регионалан урхаллера шайга дIаэцна цара иза талла. ГIуллакх листар оцу структурашкахь хиларо кхин а тIе тешаво, немцойн Iедалохошна интересе хиларх, арахьарчу пачхьалкхо стаг вен кхайкхор",- аьлла, кхетийна Абдурахманов Мохьаммада Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь. Германин бакъоларъяран хьукматашкара цхьана а кепара комментари яц цкъачунна редакцин.

Кхаара, Зазадоккху-беттан 10-гIа де

"МостагIашна" къийсам латто Iамо Арктике хьовсийна лерина ницкъаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лерина ницкъаш Iама хьовсийна Арктике. Iамораш лаьттар ду кху беттан 30-ра Охан-беттан 6-чу дийне кхаччалц. Iамар стенна оьшу дуьйцуш, "мостагIашца" къийсам латто беза, "уьш а бац юьстах Iаш, шайн методикаш кхуллуш бу", - аьлла Кадыровс. Амма коьрта Iалашо ю Арктике Росгвардин ницкъаш Iама хьовсоран, Кадыровх тешча, иза Оьрсийчоьнан президентанна Путин Владимирна муьтIахь вуйла гайтар. "Оха хаийтина тхаьш коьртачу буьйранчин муьлхха а омра кхочушдан кийча дуйла: лаьттахь, хи тIехь, Арктикехь – бен а дац… Президента аьлла – карерзо еза Арктика, тхо декхаре ду, тхо тешна ду тхаьшка кхерамзалла хIотталуш хиларх, иза миччахь деш делахь а", – дIахьедина Кадыровс ша аэропортера леринчу ницкъан тоба дIахьовсош. Къилбаседа полюсехь тIеман Iаморашкахь 20I6 шарахь дакъалаьцна ю нохчийн леринчу ницкъийн тоба. ХIетахь экспедици яхъелира кхаа кIиранна яхъелира, кема гIотту асанна тIехь ша бохар бахьана долуш. Юхаеана ницкъхойн тоба даздаршца тIеийцира республикехь. Кадыров Рамзана дIахьедира, нохчийн ницкъхоша шаьш гатйина "дуккха а зеделларг долу, тIом бан хууш, шатайпа мехала дакъа хилар", аьлла, ткъа экспедици "вайн даймахканна пайда бохьуш, цуьнан дуьхьа лелла", билгалдаьккхира.

Еара, Зазадоккху-беттан 11-гIа де

Шина нохчочунна тIелеттарш лоьху Берлинан полицино

Берлинан полицино лоьху 31 а, 43 а шераш долчу шина нохчочунна 2020-чу шеран Лахьан-беттан 8-чохь тIелетта 18 стаг. Кху беттан 10-чохь Берлинан полицерчу талламчаша зорбанехула даржийна тIелеттачу 34 стеган суьрташ. Шина нохчочунна еттар доьзна хила тарло нохчашний, Iаьрбашний юкъахь иккхинчу девнаца, яздо Берлинерчу Мorgenpost газето. ТIелетта шина нохчочунна буса. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, уьш ларамза нисбелла зуламхойн новкъахь. Лазийначу шиннах цхьанна урс тоьхна ханах. Германерчу прессо хилларг дузу меттигаш къуьйсуш вовшашца къийсалучу гIеранашца. Журналисташкахь йолчу информацица, шина нохчочунна тIелеттарг ю меттигера Реммо гIера.

ПIераска, Зазадоккху-беттан 12-гIа де

Шен фанаташка вистхилла Чимаев Хьамзат

Инстаграмехь шен агIоне язбеллачу фанаташка вистхилла UFC-н латархо Чимаев Хьамзат. Цо бахарехь, спорт юьтуш хиларх дIахьедар дан "сихвеллера" иза, карарчу заманчохь Нохчийчохь могушалла меттахIоттош ву иза. "Со меттавогIуш ву, са ма гатде. Дерриг а дика ду, вежарий", - аьлла, дIахьедина цо. Нохчийчоьнан байракхан сий дойъур дац ша аьлла, чIагIо йина спортхочо. Карладоккху, Швецехь вехачу UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата кху беттан 2-чохь дIахьедира Инстаграмехула, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. Прессехь бинчу хаамаша бахарехь, цо хала лайна коронавирусан цамгар, оцу бахьаница шозза дезна хенаца къастийна хилла летарш юкъахдаха. Цул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, шен Чимаевца къамел а хилла, иза спортехь вуьсувш ву аьлла. Дахначу кхаарин дийнахь Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь Швецера махка валийначу UFC –н латархочунна Чимаев Хьамзатана ша дуьхьал вахнера Кадыров Рамзан.

Шот, Зазадоккху-беттан 13-гIа де

Дуьненчохь 65 журналист вийна стохка

Стохка доллу дуьненахь шайн белхан декхарш кхочушдечу заманчохь вийна 65 журналист аьлла, билгалдаьккхина шаьш арахецначу рапортехь Дуьненаюкъарчу журналистийн федерацино. ВуьрхIиттозза сов ду и терахь цул хьалха хиллачу шерашца дуьстича, гергга ду 90-чу шерашкахь динчу зерашна. Юьйцурш ю 16 кеп-кепарчу пачхьалкхашкахь хилла инциденташ. Тайп-тайпанчу ресурсийн белхахой бойъура леррина динчу тIелетаршкахь а, бомбанаш лоьлхуьуйтуш а, герзаш детташ а. 1990-чу шарера таханалерачу дийне кхаччалц вовшахтоьхначу статистикаца, 2680 журналист вийна. Зорбанан белхахой дукха бойъуш хиларца тIаьххьарчу пхеа шерачохь юха а Мексика билгалъяьккхина: 14 тIелатар дина цигахь журналисташ бойъуш. Цунна тIаьхьа ю ОвхIанистан, Пакистан, ХIиндойчоь, Филиппинаш, Шема, Нигери, Йемен. Журналисташ байъйинчу пачхьалкхашклахь Оьрсийчоь а ю. Кху шеран Зазадокху-баттахь довзийтинчу суьртаца, доллу дуьненчуьра 229 журналист набахтехь вуьсуш ву. Уьш берриш а чохь бахкош бу политикан буха тIехь, яздо рапортехь. "Уггар а йоккха набахтхо" лерина Туркойчоь: оцу пачхьалкхехь хаамийн гIирсийн 67 белхахо тутмакх ву. Цунна тIаьхьа йогIу Китай а, Мисара а, Эритрей а, СаIуда Iаьрбойчоь а. I992-чу шарера тахналерачу дийне 80 журналист вийна Оьрсийчохь. ТIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчуьрчу зорбанан белхахоша таIзар лов полисхошкахьара, административан гIуллакхаш доху царна дуьхьал Iедалера пурба доцуш хIитточу митингех лаьцна даржорна.

КIиранан де, Зазадоккху-беттан 14-гIа

Юха а "хIумахуу" зударий лецна Нохчийчохь

Пачхьалкъан "Грозный" телеканало рогIера репортаж зорбане яьккхина, полисхоша лаьцна балийначу "хIумахуучу" зударех лаьцна. Инстаграмерчу тIелехьожийлан агIонехь яржийна холмачалла лелочу Хьалха-Мартанарчу шина зудчух лаьцна яьккхина ролик. Шайн бозбуанчаллашкахь цу шиммо пайдаоьцуш хилла дашах, маIарех, цIийх. Къайлах хIоттийначу видеокамераца дIаяздан аьтто баьлла шина зудчо лелориг. Дийцарехь, лаьцначарех цхьаъ школехь хьехархочун болх беш хилла ю.
Холмачалла лелош хилла аьлла, полисхоша лаьцначу зударшкара бехкаш даьхна исламан медицинан центран куьйгалхочо Эльжуркаев Адама. Цо дIахьедина, дино дихкина, доккха къалеташ хIума ду зударша лелориг, аьлла. Исламо зуламе лоруш хиларца а дузуш, лецна палтийсархой, «хIумахуурш», седа-жайна хьуьйсурш дуккхаза а гайтина махкарчу телевизионо. Церан юьхьйохург хIоразза а хуьлу Эльжуркаев Адам. Оцу юкъанна, билгалдаккха догIу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо латтош йолчу исламан медицинан Центрехь иштта жинаш лоьхкуш, халкъан дарбанаш лелош хилар. Оцу Центран куьйгалхо ву Эльжуркаев Адам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG