ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-мехкан вице-премьер лаьцна даккхий кхаьънаш эцарх йолчу шеконца


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ставрополерчу Промышленный кIоштан кхело Стигалкъекъа беттан 12-чу дийне кхаччалц йолчу ханна лаьцна Ставропол-мехкан вице-премьер Золотарев Александр, хаам бо Радио Свободас.

Эцначу кхаьънех уггаре боккханиг - 45 миллион сом – талламо бахарехь, махкарчу онкологин диспансерна дарбан-диагностикан гIишло йилла лаам болчу организацина контракт лург баьккхина Золотаревс.

Бахарехь, кхаьънаш эцарна айбинчу бехктакхамна юкъаозийна Ставропол-мехкан гIишлошъяран а, археитектурин а министран хьалхара гIовс Когарлыцкий Алексей а. Талламан версица, Золотаревца цхьана зуламаш дан бартбина цо.

Регионера аравала болчу лаамца аэропорте кхаьчча лаьцна Золотарев. Цо дина зулам Iорадаьккхинарг ву кхаьънаш оьцуш цуьнца декъахь хилла Когарлыцкий – иза лаьцна шо сов хьалха.

"Золотарев лацаро зен дийр дац цуьнан куьйга кIел лаьттинчу хьукматийн а, мехкан Iедалан а балханна. Цуьнгахь лаьттина декхарш дIасадоькъур ду регионан министрийн кабинетан куьйгалхочун кхечу гIовсашна", - билгалдаьккхира мехкан Iедалан пресс-векалтехь.

  • 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь коррупци лелорах шекойолуш лецира Ставропол-махкара кхин а цхьа хьаькам – мехкан гIишлошъяран а, архитектурин а министран гIовс Кожин Петр. 2004-2013 шерашкахь цо 15 миллион сом къаьънаш эцна, чIагIдора талламо.
  • Невинномысск гIалин администрацин куьйгалхочун гIовс Бондаренко Олег а, Ставрополь гIалин думин гIуллакхийн урхаллахо Аладин Евгений а лецира коррупци цара лелорах йолчу шеконца дIадахначу шеран Лахьан-баттахь.
XS
SM
MD
LG