Ставропол-мехкан губернатора Владимиров Владимира мехкан министрийн кабинет балхах йохийна, вице-премьер Золотарев Александр баккхий кхаънаш эцарца доьзна лаьцначул тIаьхьа. Премьеран массо а гIовсаш зуьйр бу корруцица боьзна бу я бац толлуш.
Iедалан куьйгалхой даржех мукъабахар Ставропол-мехкан губернатора дIакхайкхийна шен инстаграм-агIонехь Зазадоккху-беттан 15-чохь. Цара кхидIа даржаш ханна кхочушдечийн статусехь бийр бу болх, аьлла ду билгалдаккхар.
"Низамаллин урхаллаша коррупцех хьакхавелла вацар къастийча бен цхьа а гIур вац керлачу кабинетан декъа. ХIоранца а белхан хьокъехь хIиттийна бертан кехаташ ду, юкарлонна пайде хир ду коррупци толлуш аудит яр", - аьлла Валадимировс.
Хьалхо Ставрополерчу аэропортехь лецира регионан вице-премьер Золотарев Александр. Иза лаьцна 60 млн. сом кхаьънаш эцарх йолчу шеконца. Хьалхо лаьцначу Ставропол-мехкан гIишлоъяран а, архитектурин а министран гIовсаца Кагарлыцкий Алексейца (цунна тIедаьхьна коррупцица дозу 7 дов) цхьана бехкево иза медицинан урхаллашна гIишлошъян лучу контрактех ахчанаш дахарна.
Политолога Фетисов Дмитрийс Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь элира, губернатора Владимировс дерриг а до политикан маьIнехь нийса - "иштаниг кхин ца далийта, ша дерриг а дойла гойту цо Москвана".
- 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь коррупци лелорах шекойолуш лецира Ставропол-махкара кхин а цхьа хьаькам – мехкан гIишлошъяран а, архитектурин а министран гIовс Кожин Петр. 2004-2013 шерашкахь цо 15 миллион сом къаьънаш эцна, чIагIдора талламо.
- Невинномысск гIалин администрацин куьйгалхочун гIовс Бондаренко Олег а, Ставрополь гIалин думин гIуллакхийн урхаллахо Аладин Евгений а лецира коррупци цара лелорах йолчу шеконца дIадахначу шеран Лахьан-баттахь.