ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу бизнесехь йоккху са 12 шо хьалха бен ца хилла оццул лахъелла


Яккхийчу а, юккъерчу хьесаперчу а фирманаша, компанеша йоккху са 2020-чу шарахь лахъелла 23,5%. Иза тIаьххьарчу 12 шеран рекорд ю пачхаьлкхехь. Дуьненаюкъарчу аудит-консалтинган FinExpertiza машано бинчу талламо гойту 2020-чу шарахь яьккхина са 12 триллион 240 миллиард соьманна хилар – 2019 шарахьчул 4 трлн. сом кIезиг. 2008-чу шарахь бен ца хилла совдегаршна оццул кIезиг са, билгалдоккху талламчаша, яздо "Ведомости" газето.

Пачхьалкхерчу 85 регионехь фирманийн, корпорацийн финансийн терахьаш эгна мохк бу 48 (Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь а цхьаьна), боху FinExpertiza-но. Массанхьачул а дукха са лахъелла регион ю, цо йинчу тергонца, Къилбаседа ХIирийчоь, цигахь 2019-чу шарахь са лахъелира 2 миллион соьманна, ткъа стохка иза йоьжна 3 миллионна. Иштта доьхна ду хьал Ненцойн автономехь а, ГIалгIайчохь а.

Финансийн терахьаш лахдалар эксперташа дузу коронавирусан пандемица. Оьрсийчоьнан индустрино боккха бала лайна мехкдаьттан а, кхечу сурсатийн а мехаш охьаэгар бахьана долуш.

Хила тарлуш йолу 2020-чу шеран са цаэцарца лидер яьлла Москва, цигахь бара уьнца боьзна уггаре луьра бехкамаш. Коьрта шахьарахь бизнесан пайда боьжна 43% я 2 трилионна.

  • Стохка Оьрсийчуьрчу бахархошна хуьлу рицкъ 14 шарахь ца хиллачул кIезиг хилар билгалдаьккхира FinExpertiza машин тергамчаша. Стохкалерчу шеран хьалхарчу декъехь бахархоша юккъерчу барамехь доьхкина ахча дара, цул хьалхарчу шеран декъаца дуьстича, 11,5 эзар сом кIезиг.
  • Бахархоша гулдо рицкъ лахделла, шарахь гулдечун барамца дуьстича, 8%. Оццул хьал лахделла ца хилла бахархойн 1999-чу шарера схьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG