ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газета": дуккха а нах байъар Iорадаккха воьлла полисхо вийна Нохчийчохь


2017-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь нах хIаллакбеш дакъалацийтина Нохчийчуьрчу полисхочуьнга, ткъа иза Iедале латкъа воьлча, гей ву аьлла, вийна. Оцу хьокъехь яздо "Новая газето".

Цо арахецна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу хадаран полкан белхахо хиллачу Гезмахмаев Сулимана ден тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцина ша Нохчийчохь нах лоьцуш болх барх а, и нах тIаьхьо байъарх а лаьцна.

Гезмахмаевс тоьшалла дарехь, 2016-2017 шерашкахь дакъалаьцна масех стаг лоцуш, ларбина уьш Кадыровн цIархачу полкехь. Цо йицина лецначу нахах цхьаболучийн цIерш, йовзийтина царна тIехь деш хиллачу таIзаран башахаллаш.

Гезмахмаевс дIахьедина шен белхан накъосте Саралиев Сулимане нах бойъуш дакъалацийтина хиларх лаьцна. Цо, масала, легаш Iаьвдина садаьккхина Мускиев Махьмин, амма сих кхетта ша динарг, наркотикашка вирзина. Шега дайтина зулам дIадуьйцуш, тоьшалла дина хилла Саралиевс, цундела иза а вийна.

  • Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс комментари елира "Новая газето" Нохчийчохь нах байъарх лаьцна яздинчух лаьцна, элира, "газетан материал хуьлийла дац кхел а йоцуш нах байъаран тоьшалла".
  • "Новая газетан" информацица, 2017 шеран Дечкен-баттахь Нохчийчохь лецна хиллачу нахах вийна 27 стаг. Талламан авторийн аьтто баьлла и нах ларбеш хилла теш карон. Цо дечу тоьшаллица, вийна лаххара а 13 стаг.

XS
SM
MD
LG