ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дечу зуламашна ша бIаьргаш къовла бохург харцдо Кремло


Кремло харц лору Нохчийчохь дина зуламаш ша шена ца гуш санна санна Iаддуьту аьлла даьржина къамелаш. Иштта комментари йина Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс Нохчийчохь адамаш дайъарх лаьцна "Новая газето" арахецначу керлачу талламан хьокъехь.

"Низамлардечу хьукматаша шайн болх бо, озабезамаш кхузахь бац я хуьлийла а дац. Низамлардечу хьукматийн болх шатайпа хиларе терра, нахала доккхуш дац оцу белхан жима дакъа бен", аьлла Песковс, хаам бина ТАСС агенталло.

Нохчийчохь алссам нах хIаллакбар листа дезарш оцу белхан охIла йолу хьукматаш ю, аьлла президентан пресс-векало.

"Зорбане яьлла йолу и материал, тешна а, гина хир ю и саннарг тергоне оьцучу хьукматашна, царна иза талла деза аьлла хетахь, цара талла тарло", – дIахьедина Песковс.

  • "Новая газето" шен шина талламехь – уьш зорбане бевлла Чиллан-беттан 15-чохь а, Зазадоккху-беттан 15-чохь а – документаш тоьшалле а дохкуш, хоуьйту Нохчийчохь 2016-гIа шо доьрзуш а, 2017-гIа шо далалуш а, Соьлжа-ГIаларчу полицина тIелатар динчул тIаьхьа лецна хиллачу нахах 30 шергга стаг вийнийла. Журналисташна карийна лецначех официалехь хIиттийна документаш, къамелаш дина Нохчийчохь полицин белхахо хиллачу тешаца – цо дийцина нах хIаллакбеш дакъалаьцна волу шен накъост-полисхо а верах лаьцна.
  • "Новая газетан" хьалхарчу материалах лаьцна комментари еш Песковс бохура, "кхел а йоцуш нах байъаран тоьшалла лорийла дац газетан материал, оцу кепехь иза луьстийла а дац ".
XS
SM
MD
LG