ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь болх боцуш бисначу нахах ах декъанна баттахь а тоьар дац шайгахь дисна ахча


Къилбаседа Кавказехь болх лохуш 1-3 бутт болу, аьлла белхазаллехь бехачу нехан кхоалгIачу декъо, 9% наха шаьш эха шарахь лоьху къахьега меттиг, боху, ткъа 26% респонденташ болх лоьхуш лела шарахь лаххара а. Дустар – Краснодар-махкахь, масала, болх боцчех 19% бен яц шарал сов къахьега меттиг лохуш. Иштта ду HeadHunter цIе йолчу онлайн-рекрутинган платформо далийна терахьаш.

Кавказ.Реалиина HeadHunter-о бовзийтинчу талламо гойту Къилбаседа Кавказехь хеттаршна жоьпаш деллачу нахах, шаьш болх бечу меттигашкара дIа а ца бовлуш, керла болх лохуш 36% хилар.

Болх еххачу хенахь цакарочех бу юристаш, кхерамзаллин декъан говзанчаш, административан персонал, бухгалтераш. Респондентех кхоалгIа дакъа леткъа болх карон вуно хала хиларна.

Хеттаршна жоьпаш деллачу къилбаседа-кавказхойх 25% хоуьйту, шайна шаьш болх лоьхучу юкъанна баха оьшу ахча шайгахь кIиранна бен цахилар, 22% - шина кIиранна, 16% нахана ахча тоьу баттахь шаьш къинхьегам лоьхучу юкъанна.

"Экономикера хьал талха доладелча, къахьега меттиг алссам леха безаш, якъо хIутту. Говзанчаш дефицитехь хилар а, болх лучара хIун корматаллаш лоьху, конкуренци муха ю хьажжина хьал хIутту. Ткъа Къилбаседа Кавказерчу конкуренцех дерг аьлча, 5 стаг ву цхьа меттиг къовсуш", - боху HeadHunter-Юг цхььнакхетараллин пресс-векала Манохина Алёнас.

Цо дийцарехь, Кълбаседа Кавказехь дефицитехь бу медицинан, фармацевтикан, машенийн бизнесан, информцин технологийн говзанчаш а, белхахойн персонал а. Оцу хьукматашкахь ши стаг ву цхьа меттиг къовсуш, иштачу говзанчашна атта ду болх карон.

"Амма говзанчаш оьшучул совболчу хьукматашкара цхьа белхан меттиг къовсуш ву 7 стаг – юриспруденцера, кхерамзаллин хьукматашкара, лаккхарчу менеджментера корматалла ерш а, къона говзанчаш а бу уьш", – дийцира Манохинас.

  • Яхначу гурахь Оьрсийчуьрчу регионашлахь уггаре лакхара белхазалла йолу мохк бара ГIалгIайчоь. Белхаш бацарца къастабеллачу мехкийн кхаа лидершлахь яра Нохчийчоь а, РИА Новости агенталло бахарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG