ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Церан йоьIарша а, зударша а лелайора паранджа". Къилбаседа Кавказ


Историкийн а, этнографийн а иттаннашкахь сов монографиш листина, Къилбаседан а, Къилбан а Кавказан а, Юккъерчу Азин а, ГIирман а ламасташ толлучу Iилманчашца а дагадийлина, цхьахйолчу Оьрсийчоьнан регионашкахь а хьал зийна, хIоттийна ю хIара зударша коьрта тохкучу х1уманех лаьцна материал. Автор ю Настоящее Время телеканалан автор Ярмощук Татьяна.

Къилбаседа Кавказ. Дагестан

Къилбаседа Кавказерчу зударша яххьаш цкъа а лечкъийна яц. Ялх шо кхачалц бакъо яра зудаберийн коьртахь хIума йоцуш лела. Бакъду, мехкаршна товш дацара коьртахь йовлакх доцуш лела, ткъа марехь болчу зударша йоллу месаш дIа а хьулъеш тилла дезаш хилла коьрта хIума.

"ХХ-чу бIешерийн юьххьехь цхьаболу мехкарий коьртаIуьйра лелара, амма церан белшаш тIехь кхозуш хуьлура йовлакх. Баккхийчара емал дора ишта церен лелар", - аьлла, билгалдаьккхина шен "Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн духар" цIе йолчу жайни тIехь этнографо Студенецкая Евгенияс.

Кхаа декъе доькъу этнографо Гаджиева Сакината Дагестанерчу зударша коьрта тохкурш: чухта, йовлакхаш, чалма а.

Йоллу мас къайлайоккхуш, коьртах йоьхкуш хилла ю чухта. Цо хьаж а цхьана дIакъовлура, иштта, кӀесаркӀаг хьулъеш охьакхозура иза. Йохаллин барам кеп-кепара хилла цуьнан, регионе хьаьжжина.

Марехь болчу зударша а цхьана лелош хилла чухта, ур-атталла, буьйсанна а коьртахь юьтуш. Нагахь санна, хьеший, я хийра стаг чувеанехь, зуда декхаре яра чухтана тIехула йовлакх я доккха кортали хьарчон.

Ломарчу Дагестанехь коьртачех лоруш дара кортали коьртах хьарчор, масала, даргинцийн а, суьлийн а, ишта, лакцех цхьадолчу декъан а.

Шоралла шина метар тIера еа метаре гергга, йохалла 1-5 метаре гергга бара цу корталин барам. Йоллу юьхь а, белшаш а, накха а, тIехьашхула доллу дегI а цхьана дIахьулдора корталис. Доккхачу декъанна, я кIайчу, я Iаьржачу басахь хуьлура уьш.


"Дагестанерчу зударийн корталех тера коьрта тохкурш шуьйра яьржина Малхбалерчу пачхьалкхашкахь а цхьана, -яздо Гаджиева Сакината шен белхашкахь. - ОвхIанистанехь а, ГIажарийчохь а тахана а цхьана лелош ду уьш. Ламанан зударийн корталех тера ю иштта гоьдевлла персийн а, туркойн а зударийн чу-арабовлуш лелон коьрта тохкурш а".

Дербентехь бехачу азербайджанхойн зударша чадра олу дайн кортали лелош хилла. ДиъкIов кепехь, дукха хьолахь, Iаьржа а, сийна а, мокха а бесашкахь хилла уьш. Йовлакхна тIехула туьллуш хилла иза, доллу дегI, коьртера когашка кхаччалц къайла а доккхуш.

ХХ-чу бIешерашкарчу 30-чу шерашкахь корталеш цхьаммо а лелош ца хилла. Чухтанан метта юкъадьккхира жимо йовлакх. Юьхьанца чухула туьллура жима йовлакх, цунна тIехула кхин а цхьа йовлакх а туьллуш. ТIаьхь-тIаьхьа жима йовлакх цхьалха лелон буьйлабелира зударий.

Къилбаседа Кавказ. ГIалгIайчоь

"Дагестанерчу зударша корталеш лелийнехь а, нохчийн а, гIалгIайн а мехкарша ца леладора уьш. Бакъду, коьртахь йовлакхаш я бойнаш лелайора цара чохь а цхьаьна.

КIайчу басахь йовлакх леладора мехкарша, меразударша цунна тIехула Iаьржачу басахь дерг туьллура.

"Дукха хьолахь, нехан цIартIехь йолчу зудчо Iаьржачу басахь жима йовлакх туьллура, мас а ца гойтуш. ТIехьадоьхкура йовлакх, лергаш тIехула а дуьтуш", - яздо этнографо Студенецкая Евгенияс.

Талламчас бахарехь, я буса а, я дийнахь а коьртара даккха йиш ца хилла йовлакх. Кертара арайолучу заманчохь жимчу йовлакхна тIехула доккха йовлакх туьллуш хилла цара.

Нохчийчохь месаш къайлайохучу йовлакхан метта марехь болчу зударша чухта лелош хилла.

Студенецкаяс иштта яздина шен белхаш тIехь: "Готтачу дехказчу галех тера йолчу чухтана чу ерзош хилла зударша чIабанаш. Месаш цу чу ерзийначул тIаьхьа, йистошкарчу шина тIийригца тIехьашхула дIайоьхкуш хилла чухта. Къаьсттина Нохчийчоьнан малхбалехьа бехачу зударша лелон чухтанаш кечйина хиллера тирашца, я ахчанашца".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG