ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саутиева Зарифа юха а изоляторе хьажийна. Цунна резабоцчу "гIалгIайн протестан" лидерша мацалла лаьцна


2021-чу шеран Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь "гIалгIайн протестан" лидерех лору Саутиева Зарифа изоляторера цIахь латточу хьоле яьккхира Ессентуки гIалахь дов хоттучу Кисловодскан кхело. Амма прокуратуро и сацам латкъаме а баьккхина, хийцийтина Ставропол-мехкан Лакхарчу кхеле, ткъа 16-чохь Саутиева изоляторе дIайигина юха а.

Ставрополехь тIеэцначу сацамна резабоцчу Саутиева Зарифин накъосташа, иза а санна, шайна тIехь ечу кхеле ийзийна, изоляторехь латточу гIалгIайн лидерша мацалла кхайкхийна, севцца шайга хоттучу девнан процессехь дакъалоцучуьра. Оцу хьокъехь фейсбукехула хаам баржийна адвоката Дзугаев Билана.

2019-чу шеран аьхка лецира Саутиева. Цунна, кхечарна а санна, бехкедо экстремизман тобанехь хилар а, 2019 шеран Зазадоккху-баттахь Магасехь гулам бохош хьийзинчу Iедалан белхахошна дуьхьал ницкъ баккхар а.

  • "ГIалгIайн протестан" гIуллакх айдеш лецира 48 стаг, 30 сов стаганна кхайкхийна набахти. 2021-чу шеран Чиллан-беттан 26-чохь оццу девнаца доьзна лаьцна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмада а.
  • Саутиева а, цуьнца лецна латтош болу кхиберш а политикан тутмакхаш лору бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред. билгалдаккхар)

XS
SM
MD
LG