ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодар-мехкан вице-губернаторан гергарчийн хIусамна тIелеттарш набахте хьовсийна


Адыгейн Тахтамукай кIоштан кхело сацамбина шайн кIоштарчу Псейтук юьртахь дехачу Краснодар-мехкан губернаторан гIовс Iийначу Ахеджак Муратан дена-нанна талор дина Пономарев Вячеслав а, Кононенко Иван а набахте хьажо.

2018-чу шарахь Краснодар-махкара Псейтуке а вахана, политикан гергарнаш бехачу хIусамна тIелетта и ши стаг. Церан бехканна елла Ахеджакан нана Луиза. Чевнаш йина Ахеджак Муратан йоьIана а, дена а, йишина а. Меттигерчу прессо яздарехь, Iазап латтийна зуламхоша доьзална тIехь.

Кхело 9,5 шо хан тоьхна набахтехь такха Понамаревна, 8,5 шо доккхур ду набахтехь Кононенкос, хаам бо "Кавказский узел" газето.

XS
SM
MD
LG