ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пресса: Цхьаьнатоьхначу Штаташа кестта Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш йохур ю харжамашна юкъагIортарна


Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа тIедогIучу кIиранах санцеш кхайкхо мега Оьрсийчоьнна дуьхьал, иза 2020-чу шеран президентан харжамашна юкъагIортина хила тарлуш долчу тоьшаллица доьзна. Оцу хьокъехь хаам баржийна CNN и Reuters агенталлаша, КIайчу цIийнерчу хьостанашна тIе а тевжаш.

Иштта санкцеш кхайкхо тарло дIадахначу шеран тIаьххьарчу муьрехь Американ серверашна хакерийн гIоьнца шуьйрра тIелетарш дарна а. Царна Оьрсийчоь бехкейо Штатийн кхерамзаллин сервисаша.

Билггал муха хир ю и санкцеш цкъачунна хууш дац.

Оьрсийчоь Американ Штатийн 2020-чу шеран харжамийн кампанина юкъагIортарх лаьцна шинарин дийнахь даржийна Штатийн халкъан кхерамзаллин-талламан директоран офисо хIоттийна 15 агIонах лаьтта документ. Президентана Путин Владимирна хууш дара Америкехь боьлхучу харжамашна Трампан аьттонна шен агIо юкъагIерташ юйла, чIагIдо Штатийн къайлахчу сервисо.

Украинехь шеца зIенехь болчу нахехула Москва гIиртира Трампца президентан дарж къовсуш волу Джо Байден сийсазван, цунах лаьцна харц информаци яржорца, боху документо.

Хьахийначаралахь ву Украинан Радин депутат Деркач Андрей – иза ишта а ву Цхьаьнатоьхначу Штаташа хьалха хIиттийначу санкцийн тептарахь. Цо харжамаш боьлхучу юкъанна дуккхаза а бехкевира Байден коррупцица зIенехь хиларна – цуьнан къамелашна тIе а тийжаш, президентан кандидатна критика йора, масала, Трампан адвоката Джулиани Рудис, билгалдоккху The New York Times газето.

Вашингтонерчу Оьрсийчоьнан векалто тергоне эцна документ. Цунах цо аьлла "бух боцчу бехкийн рогIера кочар". "Тоьшаллаш дац, факташ а дац оцу претензешна бухахь", - яздина векалтан белхахоша фейсбукехь.

  • Зазадоккху-беттан 2-чохь Джо Байденан администрацино санкцеш кхайкхийна оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш даларца а, иза набахте хьажорца а доьзна цхьамогIа Оьрсийчуьрчу официалан белхахошна а, компанешна а дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG