ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но терроран тохар дечуьра юкъахдаьккхина ша Майкопехь боху. Лаьцна Юккъерчу Азера мигрант


Адыгейн коьртачу шахьарахь, алссам нах гулучохь, эккхийтар дан кечвелла Юккъерчу Азера веана стаг лаьцна ша, аьлла, дIахьедар даржийна ФСБ-но. И стаг, мигрант, толлуш карийна оьккху коьчал а, Оьрсийчоно магош йоцчу "Исламан пачхьалкх" тобан байракх а, чIагIдо урхалло.

Оперативан барамаш дIахьош гучудаьлла, хьукмато бахарехь, терроран тохар кечдеш хилар. Мигрантан хIусамехь карийна, ФСБ-н пресс-векалтан хаамца, чевнаш ен элементаш чохь йохку оьккхург а, талор дан къастийна меттиг билгалйина долу Майкопан карта а (базаран цIа ду юьйцу меттиг), эккхийтар муха дан деза тIеяздина кехаташ а.

Оьрсийчохь мигрант шен йоцчу цIарца даьхначу документашца лелла, дийцарехь.

"ТIаьххьарчу хенахь дукха хьехабо ницкъхойн хаамашкахь легалехь а, къайлаха а Юккъерчу Азера баьхкина, терроран тохарш дан арабевлла лела нах. Къилбаседа Кавказехь радикалийн идеологица бехачара республикашкара ницкъхой хоржу тIелата, ткъа церан ойла кхетош болу мигранташ дуккха а беха ерриг а пачхьалкхехь", - билгалдоккху политолога Грабовец Ольгас.

Амма мегар дац массо а мигранташна лен, дикачу дахаро арабаьхна лелош бац и нах, царех доккхах дакъа деха низамехь, боху Горобеца. Цунна хетарехь, "чIагIбан беза цаьрца бен профилактикан болх, Iалашъян еза церан белхан бакъонаш, цаьргара рейдашкахула "ясакх" гулъеш а ца лелаш".

  • Чиллан-баттахь ФСБ-но дIахьедира Кхарачой-Чергазийчохь, аннекси йинчу ГIирмехь, Краснодар-махкахь, Ростов-махкахь терроран тохарш дан кечвелла 19 стаг лаьцна ша, аьлла.
  • ТIемалой бу аьлла лецначу наха шайгара талламо тоьшаллаш етташ даьхна олу кхелашкахь дукха хьолехь, билгалдоккху Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG