ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Аша зулам дина, боху тхоьга". Протесташкахь хилла кхечу мехкийн бахархой Оьрсийчуьра арабохуш бу


Политик волчу Навальный Алексейгахьа хиллачу протесташкахь дакъалаьцна арахьарчу мехкашкара баьхкина бахархой пачхьалкхера арабохуш бу полисхоша.


Оьрсийчохь баха елла бакъо юха а оьцуш, пачхьалкхе бахкар доьхку царна, церан доьзал, бераш доллушехь. Цхьацца меттигашкахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхур ду бохуш, кхерамаш а туьйсу царна.
Настоящее Время телеканало йовзуьйту Оьрсийчохь бехачу кхечу пачхьалкхийн бахрахойн масех истори. Навальныйгахьа хIоттийначу митинге бахначул тIаьхьа Iедалхой тIаьхьабевлла царна.

"Иштта тIаьхье хир юйла ца хаьара суна. Хиънехь - ваххане а гIура вацара"

Артем - Украинан вахархо ву. Дукха хан йоццуш Оьрсийчуьра депорт йина цунна, Дечкен-беттан 23-чохь хIоттийначу митингехь дакъалацарна, ишта цунна дихкина 99 шарахь Оьрсийчу ван а.

Киеверчу Борисполь аэропортна уллорчу хьешан цIийнехь ву иза карарчу хенахь, дегайовхо ю цуьнан Москва, шен доьзална тIе юхаван.
Шена депортаци еш бинчу сацамна латкъам бан дагахь вара иза, ша тоьлур ву аьлла, шансаш кIезиг йоллушехь.

"Цхьа цIеххьана нисделир-кх хIара, Москвара кхуза ван дийзира сан. Киевехь сан гергара нах бац, я доттагIий а бац", - дуьйцу цо.

ТIаьххьарчу 14 шарахь Москвахь вехаш вара Артем. Цигахь бу цуьнан доьзал, уьш Оьрсийчочьнан бахархой бу. Коронавирусан ун бахьана долуш ка ца елира цуьнан, Оьрсийчохь ваха бакъо яхъян. Дукха хьолахь оцу низам дохорна гIуда тухура. Ткъа кхузахь, протестан митинге бевллачарна дуьхьал низам кхечу агIор болх беш ду. Артем лаьцна, митингехь хиларна гIуда тIедожийра цунна.

"Преображенскан кхелера со араволучу заманчохь полисхоша лаьцна Москва гIалин кхечу кхеле дIавигира со. Цигахь хиира суна, миграцин низам хьаьшна аьлла, со бехке веш хиларх. Кхаа кIиранна чувоьллира со. 15 минотехь суьдхочо вовшахтесира сан гIуллакх оцу сохьта Сахароверчу "спецприемнике" дIавигира со (цигахь латтош бу, Оьрсийчуьра арабаха кечбина мигранташ). Я телефон тоха а цIерачаьрга, я сайн тIеюху хIума схьаэца а ца магийра", - дуьйцу Артема.

Ша дохковаьлла, боху жимчу стага, митингехь дакъалацарна.
"Нахана тIехIотта, цаьрца цхьана волавала лууш вара со. Цигахь суна бевзарш а бара, - боху цо. - Амма, суна ца хаьара, иштта тIаьхье хир юйла. Хиънехь аьттехьа а гIура вацара со".

Навальныйс ца кхоийна шен дахар сан берийн хиндолчун дуьхьа"

Молдован вахархо ву, Навальныйгахьа хIоттийначу митинган декъашхо хилла Чеботарь Марк. Навальныйна а, цуьнан агIончашна а карийначу "Путинан шахьарна" гена йоццучу Геленджикехь вехаш вара иза тIаьххьарчу итт шарахь.

Марка бахарехь, и таллам боцург а, иза митинге валаран бахьана хилира цунна -Навальныйна дIавш даларца а, иза лацарца а, колони хьажорца а доьзначу бахьанашца

"

Шен дахар ца кхоийна цо вайн дуьхьа, вайн кханенан, сан берийн хиндолчун дуьхьа

- эмоционалехь дуьйцу Марка. - Иза вен гIоьртинера, вийна ала тарло-кх иза. Амма, шен дахар кхераман зила бухахь доллушехь юхавера иза. Оцо синтем байъинера сан".

Митингехь Геленджикехь лецира Чеботарь, цунна бехке диллира административан низам дохор, гIуда а текхира цо. Цул тIаьхьа, украинхочуьнга Артеме а санна, цуьнга а дIахьедира, Оьрсийчуьра дIаваха веза аьлла.

"Москвахь ваха елла бакъо дIаяьккхина соьгара, депортаци ен кехат кара а луш. Пхеа шарна дихкина суна Оьрсийчу ван", - дуьйцу Марка.

Цо бахарехь, иза бехке вина Оьрсийчоьнан конституцин хIоттамна кхерам бохьу аьлла.

Тахана Чеботарь Молдовехь шен гергарчу нахехь Iаш ву. Геленджикехь йисина шен зуда а, шиъ йоI а видеохула бен ган йиш яц цуьнан. Ши йоI кийча ю да волчу дIаяха, Оьрсийчоьнан Iедалхоша кхин некъ битина бац царна.

"Оьрсийчохь ваха елла бакъо дIаяьккхича баккъал а цецваьллера со"

ГIиргIазойчуьрчу вахархочун Адоньев Денисан а бу ишта кхоллам. Пушкинан майданарчу митингехь лецира иза Дечкен-беттан 23-чохь. 11 шо дара иза Москвахь веха: кхузахь дешна цо, зуда а ялийна, кIант дуьненчу а ваьлла церан.

Делкъа хенахь дара иза лаьцча. Полицин декъехь ГIиргIазойчоьнан вахархочун паспорт а, Оьрсийчохь ваха бакъо йолу документ а дIагайтинера цо. 40 шарахь Оьрсийчу ван дихкина цунна.

Ахь хIинцале цхьа зулам дина, бохура соьга

"Со чIогIа цецваьллера Оьрсийчохь ваха елла бакъо сайгара дIаяьккхича, - дуьйцу Дениса. - Цул тIаьхьа дерриг а атта дара. Со тIевеача, цара кехат делира сан кара. ХIоккху хенахь пачхьалкхера ара ца валахь, хIара хир ду, важа дийр ду аьлла, тIехь язйина хан а яцара.

Кхин дIа шу хIун дер цкъачунна хууш вац гIиргIазо. Легалехь Оьрсийчохь виса бакъо яц цуьнан.

"Бехкзуламан гIуллакх доккхур ду дуьхьал аьлла, кхерам тесира суна"

Санкт-Петербургехь болх беша вара Беларусин вахархо Хазин Руслан. Навальныйн агIончаша хIиттийначу протесташкахь дакъалаьцна а ву иза. Цул совнах, Беларусехь президентан харжамаш бирзинчул тIаьхьа Лукашенкон режимна дуьхьал Санкт-Петербургерчу векалтна хьалха бевллачу протестхошкахьа хилла а ву иза. Репрессех бевддачу шен махкахошна Оьрсийчохь дIатарлуш накъосталла дина а ву иза.

"Полисхой баьхкира со волчу балха тIе. Шина сахьтехь хеттарш дира соьга, цул тIаьхьа схьахаийтира, Оьрсийчохь ваха могуьйтур дац аьлла, - дуьйцу Хазина. - Шина кIиранах Беларуси дIа ца водахь, шаьш со дIавуьгур ву аьлла, дIахьедира цара".

Балха чу а ца витира Хазин ницкъахой баьхкинчул тIаьхьа кхин, денна телефонаш еттара цуьнга полисхоша, тахханехь дIаваха веза хьо, ца водахь, гIуллакхаш дика хир дац, бохуш", - дагалоьцу Руслана.

"Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхур ду аьлла, кхерам тесира суна. "Ахь хIинцале цхьа зулам дина", бохура соьга. "ХIун зулам?" ас хаьттича- дуьхьал бийлабелира, "Оха цхьаъ дагадоуьйтур ду" аьлла, - дуьйцу Хазина.

Руслан тешна ву, Беларусехь ша набахте хьажор ву аьлла. Цундела Оьрсийчуьра шен даймахка билет ца оьцуш, Польше дIавахара иза. Карарчу заманчохь Мысловице олучу, Катовице гIалина гена йоццучу меттигехь вехаш ву иза.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна арахьара нах юкъагIертарна тIехь терго латтош пачхьалкхан Думехь лерина комисси ю. Комиссин куьйгалхочо, депутата Федоров Евгенийс боху, хуьлийла иза маьрша акци, Оьрсийчоьнан вахархо воцучу мьлххачу стага цигахь дакъа лацахь, иза пачхьалкхера араваккха везаш ву.

Билггал хууш дац, митингашна тIехула маса стаг Оьрсийчуьра дIахьажийна. Оьрсийчоь дукха хенахь дуьйна шайна цIа а хилла, бехаш хиллачу мигрантийн а цхьана дезна, цигара дIабаха.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG