ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине Соьлжа-ГIалара дехар хьажийна махкахь нах хIаллакбарх долу тоьшаллаш даржорца доьзна


Нохчийчоьнан Юкъараллин палата реза яц "Новое газето" махкахь нах хIаллакбарх долу тоьшалла довзийтарна. Цара дехар хьажийна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "и санна долчу хIуманашна дуьхьал низамалла хIоттор, къепе латточу урхаллийн белхахой харцонах Iалашбар" доьхуш.

"Юха а оцу хаамийн гIирсан журналисташа, цензура яцарх пайда а оьцуш, "дешан маршо" а, "журналистийн таллам" а олучу кирхьанашна тIехьа а лечкъаш, газетан агIон тIехь арахецна сийсазалла, эладитанаш шеца долу, полицин белхахой сий а, церан мах а божош йолу, церан гергарчарна а, уллерчарна а синхьаам беш йолу, юкъаралла парггIат къахьега а, кхиа а ца юьтуш, ир-карахIоттош йолу артикл", - аьлла ду Юкъараллин палатин дIахьедар.

Кехато бахарехь, Нохчийчохь кхел а йоцуш нах хIаллакбина аьлла бина таллам – иза "низамхойн дакъошкарчу буьйранчашна а, полкан белхахошна а, ерриг республиканна а тIехьаькхна нехаш ю". Бакъду, дIахьедар динчара ца далийна газето дуьйцу зуламаш харц хилар гойтуш цхьа а тоьшалла.

Махкарчу Юкъараллин палато дина дIахьедар даржадо Нохчийчуьрчу а, Оьрсийчуьрчу а хаамийн гIирсаша. Республикерчу информацин министра, мехкан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада Оьрсийчуьра журналисташ кхайкхина Нохчийчоьнан куьйгалхойх лаьцна дуьйцучу "эладитанашна" дуьхьалхIиттаре.

"Юкъараллин палато дина дIахьедар кхоллалур дуйла хаа дара хьалххе. Талламан хьукмател а, прокуратурел а хьалхаяьлла палата. Амма и дIахьедар дина деккъа дIа цIарна, цхьа а нийсонехьа яьккхина гIулч ца гойту цо, я бакъдерг къастор а ца доьху", - элира Кавказ.Реалиига динчу дIахьедарх лаьцна "Iазапна дуьхьолояран комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Аламов Мохьмада.

Бакъоларъярхочунна нийса ца хета "Новая газетан" талламо махкара массо а низамхой сийсазбо бахар. Газето яздийриг харц шайна хетахь, юкъархой декхаре бара доцург даржорна, полисхой сийсазбарна кхеле аьрзнаш дан, амма иза цара дийр долучух тера дац, боху Аламовс.

Цунна гарехь, республикерчу бахархойх массо а бац Юкъараллин палатина хетарг къобалдеш, ткъа "Новая газето" арахецна таллам бийцаре бо наха шайлахь, къайлаха.

  • Зазадоккху-беттан 15-чохь "Новая газето" зорбане даьккхина Кадыров Ахьмадан полкехь болхбинчу лакхарчу сержанта Гезмахмаевн Сулимана Нохчийчохь Iедалан белхахоша нах байъарх лаьцна дина тоьшалла.
  • Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс комментари елира "Новая газето" Нохчийчохь нах байъарх лаьцна яздинчух лаьцна, элира, "газетан материал хуьлийла дац кхел а йоцуш нах байъаран тоьшалла".
  • "Новая газетан" информацица, 2017 шеран Дечкен-баттахь Нохчийчохь лецна хиллачу нахах вийна 27 стаг. Талламан авторийн аьтто баьлла и нах ларбеш хилла теш карон. Цо дечу тоьшаллица, вийна лаххара а 13 стаг.
  • Нохчийчоьнан Юкъараллин палатина ахча латтадо республикан бюджетера. Шарахь цунна болхбан ло 14 миллион сом гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG