ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кийрахь дог доцу киллер ву Путин Владимир, аьлла Джо Байдена


Президент Путин Владимир кийрахь дог доцу «киллер» ву, «цо боггIу мах охьабуьллур бу» стохка Лахьан-баттахь хиллачу президентан харжамашна юкъагIортарна, аьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена ABC News телеканалехула шинарин буса араяьллачу интервьюхь. Журналиста Стефанопулас Джорджа шега, муха хир бу и бекхам, хаьттича, жоп делла президента: «Кестта гур ду шуна».

Интервью араяьлла, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан стохкалерчу харжамашна Оьрсийчоь юкъагIортарх долу тептар цигарчу къайлахчу сервисо довзийтина масех сахьт даьлча – оцу тептарехь бохура, Путина «санкци а луш, цуьнан Iедалерчу хьукматаша операцеш дIаяьхьина, хилла президент Трамп вазварца, кандидат Байден а, Демократин парти а сийсазъярца юкъараллера тешам байбеш, харжамийн процессах нах къехкош, Цхьаьнатоьхначу Штаташкара социал-политикан хьал дохо йолчу Iалашонца».

40 шарал а сов политикехь къахьегначу Байдена, шена кху шерашкахь «тоъал дика» вевзина Путин, ша ца теша цуьнан кийрахь дог ду бохучух, аьлла.

Путин нах байъина стаг ву бохучух ша теший, шега хаьттича, ABC-на Байдена делла жоп ду: «Мммм, со теша».

Кремло Зазадоккху-беттан 17-чохь харцдина Американ Штатийн къайлахчу сервисо дина дIахьедар, аьлла, «иза цхьа а бух боцуш ду».

Кремлан официалан векала Песков Дмитрийс бахарехь, Оьрсийчоь «ца гIиртина» харжамашна юкъа, «ца лаьцна цо дакъа цхьана а кандидатна дуьхьал дIахьочу кампанешкахь».

Шина пачхьалкхан юкъаметтигаш гIоьртина елахь а, «интересаш юкъара йолу гIулакхаш» дийцаредан тарлуш ду, аьлла Байдена. Цунна герехь, иштачех цхьа агIо ю зарратан герзаш лахдарх долу дийцарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG