Нохчийчохь кхел ца еш адамаш дайъарх лаьцна Кадыров Ахматан цIарахчу полкехь болх бинчу полисхочо Гезмахмаев Сулимана дина тоьшаллаш дайъа гIерташ ду республикера Iедалш, яздо Кавказ.Реалиино.
Гезмахмаевс тоьшалла дарехь, 2016-2017 шерашкахь дакъалаьцна масех стаг лоцуш, ларбина уьш Кадыровн цIархачу полкехь. Цо йийцина лецначу нахах цхьаболучийн цIерш, йовзийтина царна тIехь деш хиллачу таIзаран башахаллаш.
"Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред. билгалдаккхар) бинчу хаамца, Зазадоккху-беттан 16-хь полицин белхахоша Соьлжа-ГIала лаьцна дIавигна ТIехьа-МартантIехь веха Гезмахмаевн гергара кхо стаг. Царна тIедожийна Сулимане юхаэцийтар цо "Новая газетан» журналисташка дийцинарг.
Гезмахмаевн гергарчарна Iаткъам барцана цхьаьна республикерчу Iедалша вовшахтоьхна "юкъараллин кампани" Кадыров Ахматан цIарах полк "рогIерчу эладитанин хабарех ларъян а, республикан куьйгалла а, низамаш лардон органийн командираш а, белхахой а доцург кхолларх ларбан а".
Иштта мах хадийна "Новая газето" махкахь нах хIаллакбарх долу тоьшалла довзийтарна Нохчийчоьнан Юкъараллин палато. Цо дехар хьажийна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "и санна долчу хIуманашна дуьхьал низамалла хIоттор, къепе латточу урхаллийн белхахой харцонах Iалашбар" доьхуш.
"Новая газетана" а, "Мемориална" а, «Iазап латторна дуьхьал комитетана» а реза воцуш дIахьедар дина Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдийс. Юьстах ца висна оцу гIуллакхна республикера информацин министр, мехкан куьйгалхочун гIоьнча Дудаев Ахьмад. Цо Оьрсийчуьра журналисташ кхайкхина Нохчийчоьнан куьйгалхойх лаьцна дуьйцучу "эладитанашна" дуьхьалхIиттаре.
Цул сов, Нохчийчуьра Iедалхой гIоьртира низамаш лардон органашна гIортор еш митинг вовшахтоха. Зазадоккху-беттан 17-хь Iуьйранна Кадыров Ахматан цIарахчу полке кхачийнера къанойн тоба. Цул тIаьхьа и баккхий нах бигира Соьлжа-ГIаларчу коьртачу майдане, журналисташа зорбанехь яздийриг бахьана а долуш цаьрга шаьш эргIаддахна хилар гайтита.
- Зазадоккху-беттан 15-чохь "Новая газето" зорбане даьккхина Кадыров Ахьмадан полкехь болхбинчу лакхарчу сержанта Гезмахмаевн Сулимана Нохчийчохь Iедалан белхахоша нах байъарх лаьцна дина тоьшалла.
- Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс комментари елира "Новая газето" Нохчийчохь нах байъарх лаьцна яздинчух лаьцна, элира, "газетан материал хуьлийла дац кхел а йоцуш нах байъаран тоьшалла".
- "Новая газетан" информацица, 2017 шеран Дечкен-баттахь Нохчийчохь лецна хиллачу нахах вийна 27 стаг. Талламан авторийн аьтто баьлла и нах ларбеш хилла теш карон. Цо дечу тоьшаллица, вийна лаххара а 13 стаг.
- Нохчийчоьнан Юкъараллин палатина ахча латтадо республикан бюджетера. Шарахь цунна болхбан ло 14 миллион сом гергга.