ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь нах байъар Iорадаьккхинчул тIаьхьа Кадыровн полко Путине арз дина


Кхел йоцуш Нохчийчохь байъинчу нахах материал зорбане яьллачул тIаьхьа Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан белхахоша дехар дина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Хаамийн гIирсашкахь шайна ечу Iиттарийн тергояр доьху цара.

Оршотан дийнахь "Новая газето" шо доладелчхьана шолгIа материал зорбане яьккхира, регионехь йина кхел йоцуш нах байъина хиларх лаьцна.

"Лараме Владимир Владимирович! Дуьххьара дац, оха биллинчу тIамехь Оьрсийчоьнан мостагIашца тIемаш бен. Оха доккхачу дозаллица, тхайн дахар ца кхоош, ха латтадо даймахкана", - аьлла ду, инстаграмехь зорбатоьхначу кхайкхамехь яздина.

Ишта билгалдьаккхина цу тIехь, "Имарат Кавказан" эмир Бютукаев Аслан вуьйш, лерина операци дIаяьхьначул тIаьхьа дуьйна, полкана дуьхьал "бакъ болу информацин тIом болийна хиларх, коьрта рупор "Новая газета" а долуш" аьлла.

16 эзар стаг ву бакъоларъяран органашкахь, 2004-чу шарера схьа дуьйна полкан тIеман гIуллакхдархоша вийна 477 тIемало, тобанхойн 42 хьалханча, ткъа кхелхина шайх 150 спецназхо аьлла, карладаьккхина полкан векалша.

2017-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь нах хIаллакбеш дакъалацийтина Нохчийчуьрчу полисхочуьнга, ткъа иза Iедале латкъа воьлча, гей ву аьлла, вийна. Оцу хьокъехь яздира "Новая газето" дахначу оршотан дийнахь.

Цо арахецна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу хадаран полкан белхахо хиллачу Гезмахмаев Сулимана ден тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцина ша Нохчийчохь нах лоьцуш болх барх а, и нах тIаьхьо байъарх а лаьцна.

Гезмахмаевс тоьшалла дарехь, 2016-2017 шерашкахь дакъалаьцна масех стаг лоцуш, ларбина уьш Кадыровн цIархачу полкехь. Цо йицина лецначу нахах цхьаболучийн цIерш, йовзийтина царна тIехь деш хиллачу таIзаран башахаллаш.

Гезмахмаевс дIахьедина шен белхан накъосте Саралиев Сулимане нах бойъуш дакъалацийтина хиларх лаьцна. Цо, масала, легаш Iаьвдина садаьккхина Мускиев Махьмин, амма сих кхетта ша динарг, наркотикашка вирзина. Шега дайтина зулам дIадуьйцуш, тоьшалла дина хилла Саралиевс, цундела иза а вийна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхайкхам бира меттигерчу хаамийн гIирсашка, махкана дечу информацин тIелатаршна дуьхьало латтае аьлла. Ткъа Кремло хьийхира журналисташна чоьхьарчу гIуллакхийн министралле дIахаийтар.

Зорбанан министр волчу Дудаев Ахьмада дIахьедира, полисхойн сий дойъуш, "Новая газето" харц хаамаш бу баржош аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG