ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лахарчу Новгородера лаьцна валийначу шина кхиазхочо юха а дIахьедо, шаьшинна тIехь ницкъбарх


Нижний Новгородера лаьцна валийначул тIаьхьа террорхошна гIо латтийна ву аьлла, бехкаш дехкинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочо Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а хаийтина, шаьшинна тIехь къизаллаш лелош хиларх. Доцу бехкаш тIелацийта хьийзаш, ницкъбина шаьшинна аьлла цу шиммо. Церан адвокатна тIетевжина, "МБХ медиа" гIирсо яздо цунах лаьцна.

Шина кIанта бинчу латкъамца, Серноводскан кIоштарчу полицин декъехь Магомадов пенах виттина, вуьйр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

Исаевс дийцина, шега а, шен доттагIчуьнга а кехаташ делира, цу тIехь дерг кхелан кхеташо хилале дагахь Iамаде аьлла. Бертаза даьхна тоьшаллаш хилла цу тIехь охьаяздина.

Чиллан-баттахь дийца даьккхира Нижний Новгородехь меттигерчу полисхоша 17 шераш долу Магамадов а, Исаев а лачкъорах лаьцна.

Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн кархь хиларх.

Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.

Нохчийчурчу "Грозный" телеканахула вистхьулуш Кадыров Рамзанан гIоьнчо Дудаев Ахьмада дIахьедира, лаьцна волчу шимма "гIо дина Котар-Юьртахь Дечкен-беттан 20-хь вийна волчу Бютукаев Асланан терроран тобанна юкъахь волчу низамца йогIуш йоцучу тобанан декаъшхочунна Борчишвили Рустамана" аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG