ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн гIуллакхна" тIехула кхин а шиъ лаьцна


ГIалгIайчуьрчу шина вахархочун гергарчара хаам бина адвокате Куриев Жабраиле, 2018-2019-чу шерашкахь ГIалгIайчохь хIиттийначу митингашна тIехула шайн бераш лецарх. Къаьстина, лаьцначех цхьаъ чолхечу чевнашца дарбан хIусамехь хилар.

"Карарчу хенахь хаамаш кIезиг бу. Гергарчара дийцарехь, "гIалгIайн гIуллакхан" керла юкъаозийна Газдиев республикерчу дарбан хIусамехь ву цIий дIаихна. Гергарчу наха хоьттура, оцу хьолехь волу иза Нальчике дIавуьгийла дуй бохуш. Бакъонехь лоьрашкара пурба оьшу иза дIасавига. Нагахь санна, цуьнгара хьал дIавуьгучу заманчохь телхар долуш хилча, иза лацарх протокол а хIоттийна, леринчу палати чу дехьаваккха веза, ха а латтош. Цигахь оцу кепара палаташ йолуш ю", - аьлла, дийцина Кавказ.Реалиига Куриев Жабраила.

ШолгIа лаьцнарг ву Гарбаков, дийцарехь, иза Нальчикерчу СИЗО дIакхачийна.

"Цу шиннан а гергарнаш соьца дагабевлира, шаьш кхин дIа ден долчух. Оцу шуьйра дийца даьккхинчу гIуллакхан кхечу декъашхошна адвокат хIоьттина ву со, цундела бIостане хIуманаш юкъа ца дилийтархьама, шина кIантана дикачух адвокаташ хьоьхур бу ас, шайн декхарш нийсонца кхочушден долу", - аьлла, дерзийна къамел адвокато Куриевс.

"ГIалгIайн протестан" гIуллакх айдеш лецира 48 стаг, 30 сов стаганна кхайкхийна набахти. 2021-чу шеран Чиллан-беттан 26-чохь оццу девнаца доьзна лаьцна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмада а.

Саутиева а, цуьнца лецна латтош болу кхиберш а политикан тутмакхаш лору бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред. билгалдаккхар)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG