ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла тIаьххьарчу 24 сахьтехь 24 дархо. Вирус къаьстина кхин а 442 стагаца


ТIаьххьарчу дийнахь-буса динчу лараршца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 24 дархо, кхин а вирус кхетта хиларца билглаваьлла 442 стаг.

Официалан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 12 COVID-19 вирусца хилла пациент, Ставрополан махкахь - пхиъ, Дагестанехь - шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а цхьацца велла уьнах.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь кхелхина лоруш ву пандеми яьржичхьана уьнах 8 277 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Кубанехь - 126 стаг.

Краснодаран кIошт + 126 (40 847) пандеми яьржичхьана)
Ставрополан мохк + 125 (49 112)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 55 (22 131)
Дагестан + 36 (30 486)
ГIалмакхойчоь + 31 (19 618)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 18 (16 124)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 15 (19 455)
Нохчийчоь+ 14 (11 4982)
ГIалгIайчоь + 14 (14 982)
Адыгей+ 9 (13 977)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш ву 238 241 дархо. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирусца 4 42 8239 стаг.

Аннекси йинчу ГIирмера хьал а чоьте эцна Оьрсийчоьнан официалан статистико.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG