ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ткъех шарахь лаьттах Iиллина бомба яьккхина Нохчийчохь


Гайтаман сурт

Ткъех сов шерашкахь лаьтта бухахь Iиллина кеманан бомба яьккхина Нохчийчохь Орцан министраллан белхахоша. Кхераме тIеман гIирс хаабеллачу меттигерчу вахархочо орца дехна баьхкинчу урхаллан говзанчаша бомба яьстина Теркан дукъа тIехь.

"Иза вуно кхераме а хилла, жимма а меттах яьккхича эккхар а йолуш. Бомба хьалаяккха дуккха а зеделларг долу Ростов гIалара говзанчаш бара кхайкхина", - аьлла, билгалдаьккхина Нохчийчуьрчу Орцанан министралло.

Говзанчийн аьтто баьлла и бомба, цигара кхераме йоцучу метте дехьа а яьккхина, вовшахяккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG