Оьрсийчоьнан президентах Путин Владимирх лаьцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Байден Джос аьлла дешнаш "вуно вон ду" аьлла пресс-секретаро Песков Дмитрийс.
Иштта комментари йина цо, Оьрсийчоьнан президент киллер хетий хьуна аьлла, шега хаттар дича - «киллер» ву аьлла Байдена жоп даларна, яздо "Коммерсанто".
Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш тоян ца лаьа Американ президентна аьлла, тешна ву Кремлан векал.
"Цунах лаьцна вистхуьлуш, суна дукха дийца луур дацара. Ас эр ду, Американ президенто вон аьлла иштта. Гуш ду, иза реза вац вайн пачхьалкхца юкъаметтигаш лелон, цуьнга хьоьвсина хир ду вай а", - аьлла Песковс “Ъ FM” радиоца хиллачу къамелехь.
"Кхин совдаьккхина тIетоха хIумма а дац" аьлла, кхин дIа хеттаршна жоьпаш дала дуьхьал хилла Песков.
Путин Владимиран цхьа а реакци хир юй аьлла, хаьттича, билггал цунах ала хаац шена аьлла пресс-секретаро.
Карладоккху, Зазадокху-беттан 16-чохь Байден Джос бехкаш дехкира Оьрсийчоьнна, 2020-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамашна юкъагIортарна. Президент Путин Владимир кийрахь дог доцу "киллер" ву, "цо боггIу мах охьабуьллур бу" стохка Лахьан-баттахь хиллачу президентан харжамашна юкъагIортарна, аьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена ABC News телеканалехула шинарин буса араяьллачу интервьюхь.