ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн редакци дIакъовла бохуш, Нохчийчуьра бечу кхайкхамех лаьцна Кремло дош аларе сатуьйсу "Новая газето"


Журналист Милашина Елена
Журналист Милашина Елена

Нагахь санна, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешар сацадахь, шаьш реза ду болх берзо аьлла, дIахьедина "Новая газетан" журналисташа.
"МостагIаллин болх" сацабар тIедожош нохчийн хьаькамаша бинчу кхайкхамашна иштта дуьхьал жоп делла газетан белхахоша.

Шайн редакци дIакъовла аьлла, тIедожорах лаьцна Кремлан реакцига хьоьжуш ду шаьш аьлла газетан политикан декъан редакторо Мартынов Кирилла.

"Тхо ладоьгIуш Iа Кремлан жоьпе. Хууш ду, Оьрсийчоьнан Iедалхой хIокху хиламех хIун эр ду а ца хууш бисинийла. Оха сатуьйсу пресс-секретарь Песков Дмитрий вистхиларе. Арахьарчу политикан гIуллакхех дуьйцучу хенахь, массарна а гоьяьлла шен цхьа кеп ма ю цуьнан Кадыровца (Нохчийчоьнан куьйгалхо) къамел деш лелош. Цундела, зорбанашца цо болх беш хиларе терра, лаьар-кх газета дIакъовларх лаьцна цунна хетарг довза", - аьлла Мартыновс RTVI телеканалан сайтехь зорба тоьхначу видеорепортажехь.

"Юкъараллан кампани" йолийна Нохчийчуьрчу Iедалхоша, кадыровхошна тIехIуьттуш, "Новая газето" махкахь нах байъарх лаьцна бинчу талламна петоха гIерташ. Нохчийчуьрчу Юкъараллан Палато хьалхо Оьрсийчоьнан президентан цIарах кехат дахьийтина.

"Новая газета" а, бакъонашларъяран организацеш а емалъеш шога вистхилла иштта мехкан омбудсмен Нухажиев Нурди а.

Юьстах ца висина, "Нохчийчоьнах доцург дуьйцучарна дуьхьал бовлар дехна" зорбанан министр Дудаев Ахьмад а.

2017-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь нах хIаллакбеш дакъалацийтина Нохчийчуьрчу полисхочуьнга, ткъа иза Iедале латкъа воьлча, гей ву аьлла, вийна. Оцу хьокъехь яздира "Новая газето" дахначу оршотан дийнахь.

Цо арахецна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу хадаран полкан белхахо хиллачу Гезмахмаев Сулимана ден тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцина ша Нохчийчохь нах лоьцуш болх барх а, и нах тIаьхьо байъарх а лаьцна.

Гезмахмаевс тоьшалла дарехь, 2016-2017 шерашкахь дакъалаьцна масех стаг лоцуш, ларбина уьш Кадыровн цIархачу полкехь. Цо йицина лецначу нахах цхьаболучийн цIерш, йовзийтина царна тIехь деш хиллачу таIзаран башахаллаш.

Гезмахмаевс дIахьедина шен белхан накъосте Саралиев Сулимане нах бойъуш дакъалацийтина хиларх лаьцна. Цо, масала, легаш Iаьвдина садаьккхина Мускиев Махьмин, амма сих кхетта ша динарг, наркотикашка вирзина. Шега дайтина зулам дIадуьйцуш, тоьшалла дина хилла Саралиевс, цундела иза а вийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG