ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стаг верна бехке хила тарлучу полисхошна дина таIзар юхадаьккхина Нохчийчохь


Аптекан долахо верна таIзар динчу Омаров Сайд-Мохьмадан хьокъехь хьалхарчу кхелан инстанцехь бина сацам юхабаьккхина Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Иза вен а вийна, цуьнан машен лачкъийна аьлла, кхеле хIоттийначу Омаровн гIуллакх юха талла дIахьажийна.

Хьалхо Омаровс бехкевира Кардашов лачкъорна нохчийн виъ полисхо, амма тIаьхьа шен дешнаш юхаийцира цо. Бакъо йоцуш Кардашов сацорна полисхойх шинна арахь яккха кхо шой, ах шой хенаш кхайкхийра, важа шиъ федералан лехамашка велла ву.

2017-чу шарахь Гезгамашин-беттан 14-чохь Хасу-Юьртарчу цхьана урамехь лачкъийна вигинера 43 шо долу аптекахо Кардашов. Телефон тоьхна, Iехийна кетIа ваьккхинчу цуьнан коьртах хIума а тоьхна, иза шен Lada Vesta машенан "багажник" чу а воьллина, лачкъийна вигинера. Талламчашна къастарца, Нохчийчу вигинера иза. Цул тIаьхьа цуьнан гергарчарна гина вац иза, дуьйцу "Iазапна дуьхьалолатточу Комитето".

Омаровс динчу мукIарлонна тIехь 2018-чу шеран ГIадужу-беттан 15-чохь Хасу-Юьртан талламан декъо бехкзуламан гIуллакх диллира, Кардашов верца доьзна. Ткъа шеконаш эгна нохчийн полисхой лехамашка белира.

Бакъду, гIуллакх таллар Нохчийчу дIакхачийначул тIаьхьа оцу гIуллакхан башхаллаш цӀеххьашха хийцаелира. 2019-чу шеран Чиллан-баттахь Омаровс дIахьедира Гуьмса кIоштан полицига тIе а вахна, Кардашов вийнарг ша ву аьлла. ХIинццалц теш хиллачу Омаровх бехкевийриг хилира.

Керлачу версица, Росгвардин ши белхахо Абдурашидов Бекхан а, Дукаев Аслан а веана хиллера цуьнца цхьана. Кардашов лоцучу хенахь цунна дуьхьал ницкъ ца баьккхинера полисхоша, Гуьмсерчу полицин декъе вола шайца аьллера, чIагIдора талламчаша.

Кардашовгахь шеца препараташ йоцийла хиъна Дукаев а, Абдурашидов а Соьлжа-ГIала дIавахнера, хIара шиъ цхьана а вуьтуш. Оцу заманчохь дов даьллера цу шиннан, оьгIазвахначу Омаровс лергаюххе тIулг туьйхира цунна, цул тIаьхьа машен чу тоьхна, дIавигира. Ткъа Кардашов садоьIуш воцийла хиъначул тIаьхьа, Терек хи чу кхоьсира ша, цуьнан машен базарахь йоьхкира аьлла, дийцинера Омаровс.

Цо кхечу тайпа дийцинашшехь, 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Кардашов лачкъийна вигарна лецира Абдурашидов а, Дукаев а. Стаг лачкъорна арахь яккха хенаш тоьхна, витира и шиъ.

Стохка Лахьан-баттахь набахтехь даккха исс шо хан кхайкхийра Омаровна, Кардашов верна а, цуьнан карти тIера ахча даккхарна а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG