ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песковс деллачу жоьпана резавоцчу Кадыровс Кремлана дагабаийтина Нохчийчохь лаьттина тIом


Кадыров Рамзана Кремлна дагадаийтина Нохчийчоь Оьрсийчу юхаерзош " белла иттаннаш эзарнаш " хилар, кхерам тесна "Новая газетан" журналисташна, уьш "шайн диверсийн йозанаша дакъаза бохур бу" аьлла. Иштта бу Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс ша а, Кадыров Ахьмадан полкан белхахой а прессо "тIехьоькхучу" бехках хьалха ца ваьккхича, Нохчийчоьнан куьйгалхочо бина латкъам.

"Тахана ГIирма Оьрсийчоьнах дIатоьхна ворхI шо кхачар даздеш ду вай (Украино а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а ахгIайренна 20I4-чу шарахь аннекси йина лору – ред. билгалдаккхар). Иза иэсан де ду. Иза а санна, дагахь латто декхаре дув ай Нохчийн Республика а. Юьззина Оьрсийчу юхаерза гIерташ, боккха некъ бина цо. Оцу новкъахь иттаннаш эзарнаш белла, бIе эзарнаш заьIап бисина, эзарнаш доьза байна. Церан бакъонаш хьан Iалашъян еза, Москван центрехь хевшина Iаш Малхбузенан агенташ бу, вайн халкъ рогIерчу гIурта юкъаийзо гIерташ хилча?" – яздина шен телеграм-каналехь Кадыров Рамзана Зазадоккху-беттан 18-чохь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо жоп делла, "журналистийн кхерамзалла хьехо ца оьшуш юьззина хила еза" аьллачу Песковна а. Кадыровс бахарехь, цунна ца го хаамийн гIирсашна тIехь кхерам лаьтташ – цо пресса ца лору "Новая газета".

"ГIеххьачул ойла ечу муьлххачу а стаганна кхеташ ду "НГ-н" белхахой, и хецабелла нах, журналисташ боцийла, Малхбалерчу евзаш йолчу къайлахчу сервисийн агенташ буйла. Американ Iедало Оьрсийчоьнна духьалйоху санкцеш кечъйо уьш санна болчу, либералийн ду бохучу газетийн гIоьнца", – боху Кадыровс Песковс аьллачунна дуьхьал.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, республикехь адамийн бакъонаш хьоьшу боху "Новая газето" дуккхаза а яздар дозу цуьнан белхахой "регионехь терроризм юьззина, юхайогIур йоцуш, хIаллакйина хиларца тардала ца тигарца".

"Кхузахь паргIато а, юьззина кхерамзалла а ю, "НГ-н" белхахошна лаахь а, ца лаахь а. Уьш шайн диверсионан йозанаша бохор бу, амма йохалур яц цаьрга Нохчийчуьра паргIато", – аьлла, кхерам тесна Кадыровс.

"Новая газето" кху шарахь хIинцале ши таллам арахецна Нохчийчохь кхел а йоцуш нах байъарх лаьцна. Журналисташкахь долчу тоьшаллаша бахарехь, 2016-2017 шерашкахь иттанашкахь лецна хилла нах, царех дукхахберш байъина Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу лерринчу ницкъан полкан спортзалан цIенна бухарчу чоьнашкахь. Цунна тоьшалла далош, "Новая газето" довзийтина оцу полкехь болх бинчу, лецначарна хадеш хиллачу стага.

И хаамаш баьржича, Нохчийчоьнан Iедало информацин кампани эккхийтира "Новая газетанна" дуьхьал. Зазадоккху-беттан 17-чохь Оьрсийчоьнан президенте дIахьедар хьажийра, "эладитанех" нохчийн бIаьхой Iалашбар доьхуш Нохчийчоьнан Юкъараллина палато. Оццу дийнахь вовшахтуьйхира Соьлжа-ГIалахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун агIолоцу гулам. Зазадоккху-беттан 18-чохь гуламе яьккхира Кадыровн Ахьмадан полк а. Цигарчу цхьамма, Путин Владимире ша дечу къамелехь хIаллакбан дош делира "Новая газетера" журналисташ.

Нохчийчуьра хезачу аьрзнашна, дехаршна, туьйсучу кхерамашна дуьхьал республикан куьйгалхочунна а, Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полканна а Кремлехь хьехна, нагахь санна шайна "Новая газетан" информаци зуламе хетахь, кхеле бовлар.

"Йолуш ю юридикан кепаш а, гIирс а, уьш мега, оьшу юкъабаха", – дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс, "журналистийн кхерамзалла хьехо ца оьшуш юьззина хила еза", аьлла, билгал а доккхуш.

"Новая газетерчу" белхахоша дIахьедина, шаьаш кийча ду болх берзо, нагахь санна Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешар сацарх йолу гаранти шайна лахь, аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG